ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан космонавташ, кино а яьккхина, цIабирзина орбитера


Пересильд Юлия а, Шкаплеров Антон а, Шипенко Клим а (сурт даьккхина космосе бахале)
Пересильд Юлия а, Шкаплеров Антон а, Шипенко Клим а (сурт даьккхина космосе бахале)

Космонавт Новицкий Олег а, актриса Пересильд Юлия а, режиссер Шипенко Клим а тIехь волчу "Ю.А.Гагарин" космосан кеман ("Союз МС-18") охьаюсса аппарат охьахиъна Казахстанан аренашкахь. Трансляци йира цунна Роскосмос сайтана техь.

Пересильд а, Шипенко а орбитехь дара ГIадужу-беттан 5-хь дуьйна, Новицкий – Охан-беттан 9-хь дуьйна, хаам бо ТАСС агенталло. Оьрсийчоьнан Хьалхарчу каналан эфирехь Роскосмосан инарлин директора Рогозин Дмитрийс дIахьедира, церан могалалла тоьар йолуш ю аьлла.

Пересильда а, Шипенкос а исторехь дуьххьара исбаьхьаллин фильм яьккхира космосехь. Иза космосан драма ю, "Вызов" цIе а йолуш. И истори лор йолчу йоIах лаьцна ю, могуш воцуш хилла космонавт кIелхаьрваккха космосе яха дезначу .

Фильм ю Роскосмосан а, Хьалхарчу каналан а, Yellow, Black and White студин а цхьаьна кхочушйон проект. Кино йоккхуш дакъалецира Оьрсийчоьнан космонавташа Шкаплеров Антона а, Новицкий Олега а, Дубров Пётара а. Космосехь яьккхинарг хила езаш ю экранан хенан 35-40 минот.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG