ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а эшна йогIу Нохчийчоь алапийн динамикехь


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчуьра ах бахархойн беттан алапа 100 эзар соьме дер ду 17,5 шо даьлча – иза уггар а гIад дайна жамI ду йоллу Оьрсийчоьнан регионашлахь. Иштта ду пачхаьлкхан РИА "Рейтинго" официалан статитиске* хьаьжна бинчу талламан жамIаш.

Итт аутсайдершлахь нисйелла Дагестан, ГIалмакхойчоь, Ставропол-мохк, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, ГIалгIайчоь. Оцу регионашкахь бIе эзар сом алапе сатуьйсийла йу 13,3 шарна тIера 17,3 шо даллалц.

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашлахь тоьлла гайтам бу Адыгейхь – 48-чу меттигехь ю иза, цигахь медийн алапа 100 эзар сом хир ду 10,9 шо даьлча.

Рейтинган коьртехь Ямало-Ненецкан автономин гонаш, цигахь оцу гайтаме кхача 2,7 шо оьшу, Москвахь оцу барамехь алапаш оьцур ду 6,3 шо даьлча, Оьрсийчухула юккъерчу барамехь нислур ду- исс шо даьлча.

  • *Оьрсийчоьнан официалан статистикана чубогIу аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, иштта Оьрсийчоьно дIалецначу Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара хаамаш а. Иштта "ДНР", "ЛНР" олучу меттишкара хьал а.
  • Кегийчу а, юккъерчу а гIаланашкара бахархоша пачхьалкхехь мел а лахара алапаш оьцу аьлла, зазадокху-баттахь арахецначу рейтингехь йара Нохчийчоь.
  • Зазадоккху-беттан 13-чохь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан. Кадыровс бахарехь, регион хьалхайаьлла йогIу "Кхерамза, дика некъаш", "Дешар", "ХIусама, гIалин хьал" къоман проекташ кхочушйарехь, иштта "Экологи" рейтингехь а. Цул совнах, 2022-чу шарахь Нохчийчохь инвестицийн тIегIа а лакхайаьлла бохура. Официалан Оьрсийчоьнан статистикаца а догIуш, стохка Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, мехах хIусамаш лаца нехан таро цахиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а. Иштта кхин дIа а - алапаш нийсонца хIиттийна цахиларехь, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь. Ткъа цунах лаьцна Кадыров Рамзана президенте ца дийцира.
  • Чиллан-бутт юккъе баьллачу хенахь мехкан урхалхо Кадыров Рамзан цхьаьна а волуш, рогIера парламентан кхеташо дIайаьхьира Нохчийчохь. Масех хьаькамо къамел дира цигахь иштта вице-премьер волчу Алханов Адама а цхьаьна – цо дIахьедира, кхечу Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь республика борхIалгIачу меттигехь ю дахаран хьелаш эвсара хиларца аьлла. Пачхьалкхан "Стратегин инициативийн Агенталлин" керлачу талламна тIетевжинера Алханов, амма цо билгал ца даьккхира, бахархошка динчу хатттаршна тIехь и зераш деш хилар. Оцу юкъанна эксперташа а, федералан статистикан ларарша а и дIахьедарш харц хилар гойту.
  • Хьалхо дуьйцура, ГIалгIайчоь а, Дагестан а лидерш йовларх Оьрсийчоьнан регионашлахь 2022-чу шарахь* билггал алапаш лахдаларехь. Оцу йукъанна алапаш охьадовлар къаьстира Къилбаседа Кавказан масех мехкашкахь а.
  • Чиллин-баттахь Росстато а, кхечу хьукматаша а 2022-чу шеран жамIашца зорбане даха долийра, Украинаца болийначу тIамо регионашна йитинчу тIаьхьенах. Терахьаша гайтарехь, хIинцале а дикка лакхадаьлла Къилбаседа Кавказан мехкаш федералан центрана хьалха декхаре бахар. Ткъа Iедало кхачочу кIезигчу социалан ахчанийн дуьхьа бахархой кийча бу доьзалашца къеста а. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь эксперташа билгалдоккху, тIаьхье кхин тIе йеха а, кIоргIе а хир йу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG