ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман Iамораш долийна Кавказехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Адыгейрчу а, Дагестанерчу а, Къилбаседа-ХIирийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а 20 полигонашкахь а, ишта Эрмалойчоьнан а, Абхазин а, Къилба-ХIирийчуьрчу а Оьрсийчоьнан базашкахь а массо а эскарийн тIемалоша дакъалаьцна Iаморашкахь, хаамбина тIеман буьйранчаша."Кавказский узел" агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Даккхий батальонан тактикан Iамораш дуьйладелла Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Кавказехь а. Цу юкъа озийна Къилберчу тIеман гонан массо а эскарийн говзанчаш, юкъаялийна авиаци а, Черноморскан флотан хIордакеманаш а, яздо "Интерфаксо" Оьрсийчоьнан тIеман министраллана тIетевжина.

Карарчу-беттан 9-чу дийнера Гезгамашин-беттан 15-чу дийне дIадахдийр долуш ду Iамораш.

Iаморийн гурашкахь шардийр долуш ду дуьхьалоян а, тIелатан а, кеп-кепарчу ландшафтан меттигашкахь Iалашонаш кхочушъян, ярташкахь буса а, дийнахь а, билгалдоккху министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG