ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца тIом "хила мегаш" бу аьлла хета Зеленскийна


Украинин президент Зеленский Владимир
Украинин президент Зеленский Владимир

Украинин президента Зеленский Владимира дIахьедина пIераскан дийнахь, Оьрсийчоьнца буьззинчу барамехь тIом хила мегаш бу аьлла. Цунах лаьцна яздо Американ Аз зорбан гIирсо. Цо ша сатесна хилар хаийтина чулацаме къамел хиларе Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца.

"Суна хетарехь, иза хила мегаш ду", - аьлла Зеленскийс "Ялтинская европейская стратегия" форумехь, Оьрсийчоьнца юьззинчу масштабехь тIом хила мега аьлла хетий хьуна аьлла, шега хаттар дича.

"Иза уггар вониг ду хила тарлучух, халахеташ делахь а, цу тайпаниг хила мега боху кхерам буьсуш бу" – аьлла тIетоьхна Зеленскийс украинахойн маттахь.

“Иза Оьрсийчоьнан уггар доккха гIалат хир ду, цул тIаьхьа цкъа а хир дац лулахалла Оьрсийчоьнна а, Украинина а, Беларусина а юкъахь", - жоп делла Зеленскийс.

Украинин президента иштта билгалдаьккхина Американ Цхьаьнанатоьхначу Штаташца юкъаметтигаш гIоле ю аьлла хьалха хиллачарел а, амма Украинина кхетташ йозици муха ю бохург хезна ца хилар а хьахийна цо НАТО тIеман альянсана юкъаягIарца доьзнчу хаттарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG