ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу тӀемагӀуллахкошна пхийтта-пхийтта эзар сом дIало аьлла Путина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу шеран жамIашца Оьрсийчоьнан тIеман гIуллакхдархошна пхийтта-пхийтта эзар сом дала деза аьлла, хьехна президенто Путин Владимира. ТАСС агенталло ядина цунах лаьцна.

"Кху шеран жамIашца нийса хир ду аьлла хета суна ахчанца цкъа долу гIо кхачор юккъерчу барамехь пхийтта-пхийтта эзар сом", - аьлла кIирандийнахь "Единая Россия" партин векалшца хиллачу цхьанакхетарехь пачхьалкхан урхалхочо. Массо а тIемангIуллакхдархошна дIакхачон деза аьлла, тIетоьхна цо.

Бахархошна, бизнесна, цхьана ханна балхах бевллачу нахана а гIо латтош, дуккха а гIуллакхаш дина Iедалхоша аьлла, билгалдаьккхина Путина.

Де хьалха хааме даьккхира, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хьахийна пачхьалкхехь вехачу хIора пенсинерна цо оьцучу пенсина тIе ахчанца цкъа долу гӀо деш 10 эзар сом даладеза аьлла.

Путина билгалдаьккхира, тIедогIу рицкъ цIенна Iедалх доьзна долчу бахархойн категорина – баккхийчу нахана а, пенсионерашна а – къаьсттина тидам тIебахийта безаш хилар. Цо дагадаийтира царна хьажийна индексацийн программа кхочуш еш хилар махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG