ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскарх лаьцна фейкаш ярна тIехула шолгIа гIуллакх долийна ГIалгIайчуьра журналистана дуьхьала


Евлоева Изабелла
Евлоева Изабелла

"Осторожно, новости" телеграмерчу канало хаамбина, гIалгIайн журналистана Евлоева Изабеллана дуьхьала шолгIа бехктакхаман гIуллакх долийна оьрсийн эскарш лелорах лаьцна фейкаш яржоран артиклана тIехула. Цхьаъ ах миллион соьманна гIуда, йа кхаа шаре кхачалц чохь яккха хан тоха мега оцу артиклана тIехула.

Журналистийн хаамашца, гIуллакх долоран бахьана хилла Евлоевас шен доларчу телеграм-каналехь хIоттийна шортта маьрша нах байъар гучудаьллачу Бучехь хиллачух лаьцна пост. Цигахь цо оьрсийн эскаро Украинехь лелориг Нохчийчохь лелийначух тардо, масех байъинчу нехан сарташ а гойту.

Евлоева Оьрсийчоьнан дозанал арахьа ю, шолгIачу бехктакхаман гIуллакхах лаьцна цунна хиина Кавказ.Реалиин корреспондентера.

"Аса баккъала яздинера Бучах лаьцна, амма чIогIа йоца. Селхана ГIалгIайчохь еха сан йоI а, къена да а кхайкхинера хеттарш дан. Со мичахь ехаш ю хоьттура, йолу меттиг а, сан Оьрсийчохь беха вежарех лаьцна а, цара лелочух, иштта кхин дIа а", - дийцина журналиста.

Цо тIетуьйхира, дуьххьара бехктакхаман гIуллакх гIаттийча а ца кхаьчнера шега цхьа а официалера хаамаш – оцу хенахь цуьнан адвокатана шен дезнера тIечIагIдар деха талламан комитета вала.

  • Журналистана дуьхьала фейкех лаьцна дуьххьара гIуллакх долийра Зазадоккху-беттан чакхенгахь. "Базан" хаамашца, бехктакхаман гIуллакх гIаттийна ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало латточу МВД-н Центро. Цуьнан белхахоша ФСБ-н накъосташца цхьаьна теллинера Евлоеван телеграмера канал. ТIаьхьабовларан бахьана хиллера Украинера спецопераци шех олуш ерг къобалъечу Магасерчу акцина юкъа бераш ийзорах лаьцна арахецар.
  • Охан-беттан 27-гIа де – тIеман 63-гIа де ду. Путин Владимира дIахьедина, "арахьара" цхьаъ Украинерчу хьолана юкъагIортахь, Оьрсийчоьнна стратегин агIора ца оьшу кхерамаш хIиттадахь, Оьрсийчоьно "маса тохарш" дийра хиларх лаьцна. Украинан тIеман таларо хаамбо, Оьрсийчоьнан эскаро оккупаци йинчу дозанаш тIехь бехачу тIом бан хан кхаьчна болу божарий лечкъорах лаьцна. Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсонехь украинехьа митинга дIасалаьллира; декъашхошна дуьхьала лелийра серлонан-гIовгIанан оьккхуьйтурш а, бIаьрхиш оьхуьйту газ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG