ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн паспортца волу шпион лаьцна аьлла, дийцина туркойн газето


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Истамбулерчу терроризмаца къийсам латточу полицин урхалло а, туркойн Къоман иччархойн организацино а дIахьедина, шаьш ялх кхечу мехкашкара стаг лаьцна, шпионаж лелош хилла аьлла, тасаеллачу шеконашца. Habertürk газето бина цунах лаьцна хаам дахначу шоьтан дийнахь. Цаьргара схьадаьккхина герз а, патармаш а, цхьаьнгахь хилла Оьрсийчоьнан паспорт а.

Газетан хаамашца, и нах лоьцуш операци дIаяьхьна шина адресца Анталехь а, кхаанца Истамбулехь. Шеконашца лецначу нахера яьккхина кхо тапча, цхьаъ хилла тата а ца доккхуш стаг вуьйш, лазерца Iалашо схьакаро таро а йолуш. Герзашца цхьанхьа тIелата дагахь хиллачух тера хета уьш.

Habertürk гIирсо даржийначу суьрта тIехь гуш ду, лаьцначу цхьаьнгара оьрсийн паспорт схьадоккхуш. Туркойн Iедалхоша цкъачунна хаам бина бац, муьлхачу къомах бу лецнарш.

2016-чу шарахь стаг вийна аьллачу шеконашца лецира Туркойчохь Оьрсийчуьра Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а. Меттигерчу кхело бехкебира уьш, шайн пачхьалкхан дозана тIехь ворхI нохчо верна.

Туркойн полицина хетара, бехкебийраш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой бу аьлла. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьне дIабелира уьш туркойн агIоно. Дуьйцура, Оьрсийчохь экстремистийн леринчу Меджлисан куьйгалхой хиллачу Чийгоз Ахьмадца а, Умеров Iилмица а хийцина уьш бохуш. Аннекси йинчу ГIирмехь кхел йинера царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG