ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк тIе ца эцахь а, цхьацца "нун" карадо ког баькх-баьккхинчохь


Британин сацамна тIетайнарш

Австралино махкахвоккху ши векал а чулаьцча, 24 пачхьалкхо карарчу ханна персона нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьнан 139 дипломат. Дукхаллин лидершлахь ю Iамеркан Штаташ – 60 стаг, шолгIаниг – Британи, 23 стаг, кхоалгIаниг – Украина, 13 стаг.

Европан Кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналда бахарехь, тIедогIучу деношкахь а, кIиранашкахь а кхийолу санкцеш а юкъаяха тарло ЕвроБерто. Британино динчу таIзарна тIетовш шаьш яха дохку гIулчаш оцу мехкийн векалша йийцарейира Зазадоккху-беттан 22-23 деношкахь Брюсселерчу саммитехь.

Пачхьалкхаш а, цара арабаьхначу дипломатин терахьаш а
Пачхьалкхаш а, цара арабаьхначу дипломатин терахьаш а

​​ЕвроБертах 13 пачхьалкх декъа ца еъна. Стенна?

Австрино, масала, къобалдина Европан Берто Оьрсийчуьра шен векал дIакхайкхар, амма лерина яц Вена оьрсийн дипломаташ дIахьовсо. Австри, ша "Малхбузенний, Малхбаленний юкъара тIай хилла а юьсуш", дагахь ю Оьрсийчоьнца къамелдан тору некъаш биллина бита, аьлла Iедалан векало Лаунски-Тиффенталь Петера.

Болгарин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, шаьш бохур бац Оьрсийчоьнан дипломаташ ара, аьлла. Амма ца хаийтина, стенна яц пачхьалкх ша декъайогIучу ЕвроБертан сацамехьа.

Цхьаболчу мехкаша шаьш ойла еш буйла хаийтина, цхьаберш дош а алаза буьсуш бу.

Стенна хилла Скрыпалах "бахьана"?

Дипломатин гIирсца Европан-Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш къесто йолийначу Британин премьеро Мэй Терезас оршоьтан дийнахь дIахаийтина дуккха а мехкаша шен инициатива тIекIаярх ша йоккхаеш юйла.

"Вайн некъ ЕвроБертерчу, НАТО-рчу, Iамеркарчу доттагIаша а, партнераша а къобалбо. Массара а цхьаьна, вай хаийтина Оьрсийчоьнна ваьш цуьнга дуьненаюкъара низам а, мехаллаш а хьоьшуьйтур йоцийла", - аьлла Мэйс.

Кхо кIира хьалха ингалсхойн Солсбери гIалахь, цхьана паркерчу гIента тIехь, тиларчуьра бевлла Iаш СкрипальгIар, дай, йоIIий, карийра меттигерчу бахархошна. Оьрсийчуьра еъначу йоIа, шена дуккха а шерашкахь ганза волчу дена деана совгIат схьадостуш, цунах иэдинчу дIаьвшо дожийна и шиъ, боху Британерчу талламчаша.

Корта галбоккху, тIамехь леладен ун "Новичок" ду зуламедаьлларг, боху говзанчаша. Царна хетарехь, Советан пачхьалкхо шен заманахь арахеца долийначу оцу уьнах пайдаоьцу Оьрсийчуьрчу шпионаша.

Амма Кремло цхьана а маьIнехь тIе ца эцна шена бехк. Цо бахарехь, Британино цхьа а тоьшалла ца тоьхна дуьхьал, доцчу бахьаница талхийна юкъарлонаш.

Риторика ю Кремлан кху муьрехь ирачу дешнех хIотталуш. "Бандитизмна хотIах" ду Британино динарг, аьлла Путинан пресс-гIоьнчас Песковс хиллачун хьокъехь. ("Цкъа а гина йоцу эвхьазалла ю ("хамство"). …Оха дIабоху, цкъа ца хилла иштаниг, бандитизмна уллера гIулч ю иза").

Делахь а, Британин тIеман министрна Вильямсон Гэвинна хетарехь, "Путин а, цо лелориг а лан собар кхачийна дуьненан, цуьнан тоьшалла ду Цхьанатоьхна Паччахьаллина НАТО-н мехкаш а, Европан Барт а тIетар".

Нохчий дика кхета Малхбалено бохучух…

Вашингтоно оьрсийн дипломаташ махкахбахар туьдуш, цуьнан Москохарчу векало Хансман Джона оршоьтадийнахь иштта элира: "ХIара акци …Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штатийн кхерамзаллина дуьхьал Оьрсийчоьнан агенташа дан тарлуш долу зуламаш юхадаха лерина ю. Москохна хаа деза ша дечух шен жоп дала дезийла".

Нохчийчуьрчу тIемаш официалехь берзийначу шерашкахь а тIехь Оьрсийчоьно "атитерроран" барамаш дIахьо ша бохуш, вуно дукха адам хIаллакдаро йоьрзур йоцу хьу йитина нохчийн къоман иэсехь.

Оьрсийчоьнан ши шпион Белашков Анатолий а, Богачев Василий а лецира 2004-чу шеран Iай Ичкерин лидер Яндарбиев Зеламха а, цуьнца кхин ши стаг а Дохехь эккхийтарна. Кхелехула чекхвоккхуш, цкъа вен, тIакха оьмар кхачаяллалц набахтехь валло а кхачийна, Къатаро дIабелира зуламхой Оьрсийчоьне.

Ши шпион, шайнна кема а делла, дIавигира Кремло Оьрсийчу. Москох,, Чкаловн аэродромехь, цIен кузаш тесна воссийна, чувигира.

Яндарбиев шаьш ца вийна, Къатаро, ша жоьпаллах хьалха а йолуш, зулам Оьрсийчоьнна тIететтар йоккха "провокаци ю", - элираюьхьанца, Белашов а, Богачев а лаьцначу деношкахь, МИД-ан дас Иванов Игора. Амма дуьне теш хилира, хьан, муха, хьенан омра кхочушдеш эккхийтина Яндарбиевн машен.

2009-чу шарахь Австрин шахьарахь вийра Кадыров Рамзанна хадеш а Iийна, Европе ведда веана мескаръэвлахо Исраилов Iумар.

Шина шарахь дов хоттуш Iийначу кхело хенаш туьйхира Кадыровн гонехь хаалуш леллачу нахана – Эдилов Рамзанна, Дадаев Муслимна, Ешуркаев Турпал-Iелина. ЦIий тIе а хьарчийна, ведда Нохчийчу юхавахначу Богатырев Лечина Австрин ца белира аьтто таIзардан – иза Кремло ца валийтира Венерчу кхелан кара.

Къаьсттина дукха нохчийн мухIажирш байина Оьрсийчоьнан шпионаша Туркойчохь.

2008-гIачу шарахь – Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна Эдилсултанов Хьаьжи а, тIеман бIаьчча хилла Джанибеков Ислам а вийра. Меттигерчу прессо Кремл йора бехке. ШолгIачунна йиттинера оьрсийн лерина ницкъашкахь бен хуьлуш а йоцу "Гроза" тапча.

2009-чу шарахь Истамулехь коьртах кхузза тапча тоьхна вийра нохчийн лаьмнашкахь тIеман баьчча лаьттина Асаев Муса.

2011-чу шарахь – байира тIемалой Мусаев Берг-Хьаьжа, Алтемиров Рустам, Амриев Зоврбек. Зулам дайтинарг Оьрсийчуьра веъна а, цигга ведда дIавахана а волу Жирков Александр ву, бохура Туркойчоьно.

Оццу 2011-чу шарахь Ичкерин ШарIан кхелан къеда Батукаев Шамсудди вен араваьлла Батумаев Бахрам, шегара тапча а йоккхуш, лаьцна, туркойн полицига дIавелира Батукаевн хадархоша.

2013-гIа шарахь Ичкерин Туркойчуьра векал Медет Онлу вийра.

2015-гIа шо - даймахкара почтехула кхаьчна гIутакх достуш, дIаьвшан Iа а кхетта, велира Садаев Турко, зуда а бераш а дехкира дарбан цIийне.

2015-гIа шо – шен цIенна хьалха йоьазза тапча йиттина вийра "Кавказцентр" ресурсан администратор Эдилгириев IабдулвахIид. Дов хоттучуьра а сацийна, туркоша Оьрсийчоьне дIавелла иза верна шаьш лаьцна хилла ши шпион Смирнов а, Анисимов а. Аьлча а, хийцина ГIирмехь лаьцна латочу гIезалойн жигархойх Чингоза Ахьматах а, Умеров Илмихах а.

2016-гIа шо – Исрапилов Руслан (тIеман баьччин Исрапилов Хункар-Пашин ваша) Измитехь, буса ара а кхайкхина, вийра.

Царна а, кхузахь хьахоза дуьсучу а зуламашна а бухахь Европерчу а, Малхбалерчу а низамхошна дуккхаза а карийна Оьрсийчоьнан шпионаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG