ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн вакцинаша хьовзам боккху бусулбанашна Iумрат дан


СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша оьрсийн коронавирусна дуьхьал йина вакцина къобал ца яхь Iумрат дан баха аьтто хир бац Оьрсийчоьнан бахархойн. Пачхьалкхерчу бусулба динан урхалло дехар дина "Спутник V" паччахьаллин дозанаш тIехь маьршаяккха аьлла, яздо ТАСС агенталло. Оьрсийчуьрчу бусулбачийн динан урхаллан куьйгалхочун хьалхарчу гIовса Аббясов Рушана хIинцале а кехат дахьийтина СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошка, оьрсийн "Спутник V" вакцина къобалъяр доьхуш, цуьнан прививкаш яйтина зияртхой езачу меттигашка чубитархьама.

Аббясовс билгалдаккхарехь, тIедогIучу шеран Стигалкъекъа-беттан юьххьехь Рамадан чекхбалале Iумрат дан баха луучийн терахь масех бIеннашкахь ду.

Хьалхо Джиддерчу Оьрсийчоьнан инарла консуло Абакаров Юсупа хааме даьккхира, СаIуда Iаьрбийчоьно магийна вакцина тоьхначийн бен таро хир яц Меккера а, Мединера а езачу меттигашка бахка аьлла.

Арахьарчу вакцинаца шайн пачхьалкхехь прививка яйта таро юй Оьрсийчоьнан бахархойн аьллачу хаттарна жоп дала ца хIиттира могушалла Iалашъяран министраллан пресс-г1уллакххой, амма цхьаьнамаьIнехь билгалдаьккхира, арахьара вакцина яхь а, иза яйтарх сертификат доккхийла хир яц аьлла.

"Пачхьалкхан хьаштийн (Госуслуги)сайтехь тIеоьцур дац вакцинаци йина хиларх сертификат", - аьлла "Кавказский узел" интернет-ресурсе Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министралло.

2020-чу шарахь коронавирусан пандеми бахьана долуш СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша дихкира кхечу мехкашкарчу бахархошна Меккерчу а, Мединерчу а меттигашка зиярат дан бахка. Стохка ГIадужу-баттахь юхадолийра Мекка хьаьжцIа эхар, амма кхечу мехкашкара нах буьтуш бац.

ХьаьжцIа оьхуьйтучу цхьахйолчу туроператорийн сайтехь яздина ду, кху шарахь хьаьжцIа воьду мах кхаа эзар долларшна тIера хьала бу аьлла. 200 эзар сов сом ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG