ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн йийсархой Украинехь байъина хиларх лаьцна факташ харцйина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинехь байъина хила тарлучу оьрсийн йийсархойх лаьцна факташ харцйина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен комментарехь. Кадыров Рамзана дIахьедина, интернетехь даржийначу суьрташ тIехь царна герз диттина хилар "дикка къаьсташ ду", амма и ишта дац – арахецначу видеош тIехь уьш бойъуш ца гойту. Цул сов, нохчийн политико чIагIдо, оцу темех лаьцна Малхбузено дош ца олу бохуш, амма и видеош гучуйевллачу дийнахь, лахьан-беттан 18-хь ООН-ехь​дIахьединера, уьш толлург хиларх.

Йуьйцу видеош телеграм-каналашкахь арахецна йу. Цхьадолчу кадраш тIехь гойту, оьрсийн эскархой куьйгаш айдина гIишло чуьра ара а бовлий, доларчу цIийнан кертахь лаьтта охьабуьйшуш, тIаьххьарчу кадрехь цу чуьра кхин а цхьаъ араволу карахь герз а долуш, герз кхийса доладо, тIаккха видео соцу. ШолгIачунна тIехь йийсаре кхаьчначу нехан декъеш гойту, цхьаболчарна уллохь цIийн ларш йу гуш.

Луганскан кIоштан Макеевкан уллохь йаьккхина хила тарло ший а видео. Украинхойн агIоно хIинца а комментари ца йелла оцу хьокъехь.

Леррина карахь герз доцу йийсархой байъар ду аьлла и Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Пачхьалкхан талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна арахецначу видеошна тIехула.

  • Хьалхо масех украинхойн йийсархо лаьцна Нохчийчу ​валийнера мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца къамелдан. Уьш цига лаьцна кхачийна, хьаькаман бераш Украине дахначул тIаьхьа.
  • Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Алаудинов Аптис забаран кепехь бехк цабиллар дийхира, йийсаре лаьцна волчу украинхойн Северодонецкерчу эпсаран бIаьргаш кIелахь Iаржъелла меттигаш хиларна. "Шайн лаамехь карадуьйла аьлла дехар дича, тIаккха оцу дехарна жоп ца делча, нислуш хIума ду и", - дIахьедира Алаудиновс.
  • Хьалх-Мартанехь куп тоьхна йолчу Росгвардин оперативан полкан 94-чу тобано Херсонан кIоштера йухайоьдуш байъинчу салтин декъеш дитина хиллера, дийцира украинхойн телеграм-каналаша, Ураинан Кхерамазаллин сервисана тIе а тевжаш. И хаамаш официалехь тIечIагIбина бац.
  • Нохчийчуьра 140 вахархо Украинехь вийна хилар ду Кавказ.Реалиин редакцина хууш, – и терахь масийттазза лакхара ду официалехь кхайкхийначул а: "Кавказский узел" гIирсан зерашца, гIадужу-беттан 14-чохь Iедалхоша 29 стеган валар тIечIагIдина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG