ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оккупаци йинчу Украинан дозанашкара Кадыровн "векал" юкъахь волуш летарш хилла ГIирмехь


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Росгвардин директор Золотов Виктор а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "Даймахкана хьалха декхарш кхочушдарна" совгIат дина Ахмат" СОБР-н командиран гIовс, полицин полковник Ибрагимов Хьасан а
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Росгвардин директор Золотов Виктор а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "Даймахкана хьалха декхарш кхочушдарна" совгIат дина Ахмат" СОБР-н командиран гIовс, полицин полковник Ибрагимов Хьасан а

Аннекси йинчу ГIирмехь летарна лецна нохчийн "Ахмат" СОБР-н пхи эпсар, ву царлахь Оьрсийчоьно дIалецначу Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана "векал" хIоттийна Ибрагимов Хьасан а. Хаам стенгара баьлла а ца дуьйцуш, яздина кадыровхой лецарх Baza телеграм-канало. Информаци тIечIагIйина йац кхечу хьасташа.

Телеграм-каналан хаамашца, "Ахмат" СОБР-н командиран гIовсана Ибрагимов Хьасанна а, цуьнан куьйгакIеларчу лейтенанташна а юкъахь буй-тIара хилла Симферополерчу "Монро" клубехь. Цхьахволу кадыровхо чуйеанчу йоIана кочавахна бохуш дуьйцу. Цуьнгахьа гIо доккхуш цуьнан тIехьийза кIант юкъагIоьртича, иза ара а ваьккхина, цунна йиттина. Baza-с чIагIдарехь, клубан хадархоша дуьхьало йина ца хилла "Ахматан" эпсаршна, конфликта юкъагIоьртина полисхой, царех цхьанна кадыровхочо мийра тоьхна.

Нохчийчуьра эскархой юкъахь болуш хиллачу летарех аннекси йинчу ГIирмин полцино официалехь беш хаам бац. Оцу юкъанна, База телеграм-канало чIагIдо, кадыровхойн летарш арахь хIиттийначу камераша дIайаздина бохуш. Телеграм-каналан информацих лаьцна йеш комментарий йац Соьлжа-ГIалахь а.

  • "Ахмат" СОБР-н эскархойх шеконаш ю, цара Украинехь маьрша бахархой байарна. Киевн хаамашца, тобанан командиро Мусаев Изноврас а, цуьнан куьйгакIелболчара а дуьххьара Оьрсийчоь чугIоьртинчу юккъехь шаьш схьайаьхначу меттигашкахь рейдаш дIахьош хиллера, меттигера бахархой кхерош, тIехь ницкъ а беш. Ишттачех цхьа рейд дIахьош, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс хаа а хууш, коьртах герз тоьхна, пхиъ маьрша вахархо вийра. Ши зуда а, кхо боьрша стаг а вара царлахь.
  • ГIуран-баттахь Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь шен "векал" хIоттийра Кадыров Рамзана "Ахмат" СОБР-н командиран гIовс Ибрагимов Хьасан. 2020-чу шарахь эскархочо мехкан куьйгалхочун карара Нохчийчоьнан лаккхара совгIат схьаийцира – Кадыров Ахьмадан орден.
  • Хьалхо Кадыровс иштта хаамбира, "ДНР" аьлла, шаьш дIакхайкхийначу республикехь шен "векал" хIотторах – иза ву цул хьалха вевзаш ца хилла Ростовра бизнесхо Мударов Рамзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG