ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Омикрон" штамм хааелла Къилбаседа Кавказехь кхин а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Омикрон" коронавирусан штамм гучуяьлла Къилбаседа ХIирийчохь цхьанна а, Кхарачой Чергазийчохь цхьанна а.

"Шина стагаца къаьстина "омикрон" штамм, амма тхо долчахь "дельта" яьржина ю", - хаамбина ТАСС агенталло Къилбаседа ХIирийчуьрчу Роспотребнадзоран урхаллан куьйгалхочунна Тибилов Аланна тIетевжина.

Ставрополан лабараторино тIечIагIдина, Кхарачой-Чергазийчохь цхьана вахархочуьнца и ун хилар, хаамбина "Интерфаксо".

Коронавирусан керла штамм хьакхаяларх дуьххьара Къилбаседа Кавказехь хаамбинчех ю ГIалгIайчоь. 23 шо долчу доьзалхочух йолчу зудчуьнца къаьстинера "омикрон" штамм. Иза ша цхьанхьа а дIасаяхна яцара, тарлора кхечу регионера веанчух цунна ун даьлла хила.

Хьалхо яздора, "омикрон" коронавирусан штамм дуьххьара ГIебарта Балкхаройчохь гучуяларх. Астраханан кIоштахь а ун даьллера шинна коронавирусан керлачу штаммах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG