ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОМОН-н белхахой латарна таIзар дина Джумаев ШИЗО хьажийна


Джумаев Сайд-Мухьаммад

Москварчу митингехь ОМОН-н белхахойх летарна кхел йина Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад кега-мерса низамаш дохорна гIуданан изолятор чу воьллина. Цунах лаьцна хаамбина кIентан ненайишас къевлинчу инстаграм-аккаунтехь, адвокаташ колонехь хиллачул тIаьхьа. Билгал ца даьккхина цо, муьлха низамаш ду дуьйцурш, яздо Кавказ.Реалиино.

Хьалхо дийца даьккхира, Джумаев Владимирскан кIоштара Покров гIаларчу колони дехьаваьккхина аьлла – цигахь таIзар токхуш ву оппозиционер Навальный Алексей а.

Джумаевн ненайишас латкъамаш бора, ИК-2 колони тутмакхашна тIехь ницкъ бен, йоллу Оьрсийчоьнан федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхаллин (ФСИН) коррупцин система кхуллург ю, иштта "цIен зона" а олуш бохуш (Оьрсийчуьра колонеш формалехь а доцуш йоькъуш ю, хьал криминалан авторитеташа тIехь терго латтон "Iаьржа" а, доллу Iедал администрацин карахь долу, цундела шога раж йолу "цIен" а – билгалдаккхар.).

Покроверчу колони дехьаваьккхинчул тIаьхьа Джумаевн ненайишас дийцарехь, хантоьхначо цкъачунна арз дина дац шена ницкъбина аьлла.

  • Навальный Алексейгахьа Москвахь Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийначу акцехь ницкъахойх леттера Нохчийчуьра МГУ-н студент хилларг. ОМОН-н масех эскархочунна дуьхьала тийсалучу Джумаевх видео шуьйра яьржира социалан машанашкахь. Полицино лаца кхайкхийра иза. Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама чIагIо йира, нагахь санна, иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.
  • Дечкен-беттан 28-чохь студент лецира Псковн кIоштахь, хетарехь, Евросоюзан доза хадон гIертачу хенахь. Джумаевна бехкбиллира Iедалан къепан кхаа эпизодехь, Iедалан векална дуьхьал ницкъбаьккхина аьлла. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан 19-чохь Москварчу Тверской кIоштан кхело пхи шо хан кхайкхийра цунна юкъарчу рожан колонехь даккха. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь сацам тIечIагIбира Москва гIалин суьдо а.
  • Оьрсийчохь дIайохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхийн тептаре язвира Джумаев сайд-Мухьаммад.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG