ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН-о кхайкхам бина ОвхIанистанан лулахошка дозанаш ма къовла аьлла


ОвхIанистанера бевдда мухIажарш
ОвхIанистанера бевдда мухIажарш

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу агенталло кхайкхамбина ОвхIанистанан лулахошка, дозанаш диллина дита аьлла. ОвхIанхойн йоллу пачхьалкхехь тIелетарш долийна тIалибаша, эзарнашкахь бахархой уьдуш бу тIемалойх.

"Гуманитаран катастрофан дозанехь ду хIоьттина хьал", - дIахьедина ООН-н мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу лакхарчу комиссаран Урхаллан официалан векало Манту Шабияс пIераскан дийнахь Женевехь дIаяьхьначу брифингехь.

Хьалхо Iедалхойн ницкъийн карахь хилла провинцеш шайн куьйгакIел а ерзош, тIелеттачу "Талибанан" тIемалойх уьдуш бу эзарнаш божарий, зударий, бераш.

"Маьршачу нахана кхерамзалла латтон ницкъ ца тоарна, барам боцуш дукхачу нехан дахар кхерамна кIел ду. ООН кийча ю къоман Iедалхошна гуманитаран гIо кхачор шордан, царна мел оьшу а", - тIетоьхна Мантус.

Оцу юкъанна, ООН-ан Дуьненаюкъарчу кхачанан программин векало дIахьедина, ОвхIанистанерчу бахархойх кхаа декъана даар-малар дIакхачон аьтто бац аьлла. Ши миллион овхIанхойн берашна маса гIо оьшу, аьлла программан векало Фири Томсона.

"Тхо кхоьру, хьал кхин тIе а эшна хиларна тIейогIучу хенахь", - дIакхайкхийна Фирис. Цо бахарехь, шо чекхдолучу хенахь пачхьалкхехь мацалла эшон оьшур ду 200 миллион доллар.

ООН-ан зерашца, ОвхIанистарнерчу 390 эзар стага дIатесна шайн хIусамаш шо карадеачхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG