ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицехь лаьттинчу Ичкерин векална машенца совгIат дина нохчийн Iедалхоша


Рубати Мицаева
Рубати Мицаева

Европерчу нохчийн диаспоран хиллачу жигархочунна Мицаева Рубатина йинчу денна совгIатна автомобиль елла нохчийн Iедалан векалша. Официалехь бинчу хаамехь билгалдаьккхина, машенан догIанаш Мицаевана Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионан юкъараллин фондан президенто Кадырова Айманис дIакховдийна аьалла. Ткъа догIанаш дIаделларг ву парламентан спикер Даудов Мохьмад а, хьалхара вице-премьер Висмурадов Абузайд а, къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад а.

Инстаграмерчу шен агIонех Мицаевас яздина: "Иштта лору со бакъ болчу къонахаша" аьлла.

Мицаева Нохчийчу яр нисделира Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикийн гергарнаш республикехь лецарца. Стохка ГIуран-баттахь Нохчийчохь лецна, полицин дакъошкахь латтийра пхи бIе сов Европерчу нохчийн диаспоран векалийн гергарнаш а.

Ичкерин жигархо, нохчийн политэмигрантан Закаев Ахьмадан бIанакъост, еххачу заманчохь ша Ичкерин министрийн кабинетан векал ю бохуш лелла Мицаева Рубати Нохчийчу еара 2021-чу шеран ГIуран-баттахь. Аэропортехь цунна дуьхьал баьхкинера Iедалан векалш. Оццу сарахь шен резиденцехь тIеийцира иза мехкан урхалхочо.

Берлинехь вийначу нохчийн мухIажаран хьокъехь кхел йоьдучу заманчохь дуккха а митингаш вовшахтоьхначарлахь яра Мицаева. Цо дIахьедора, тIаьххьарчу шерашкахь ФСБ-н дуккха а белхахой Германи чубаьхкина бохуш. Оцу хеначохь пачхьалкхе мел веана хIора шолгIа нохчо оьрсийн къайлахчу сервисаша хьажийна агент ву олура цо.

Кадыров Ахьмадан цIарах Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллан "Магнитскийн Глобалан актан" буха тIехь (Вашингтоно пайдаоьцу цунах адамийн бакъонаш талхийна аьлла хетачу нахана тIехь Iуналла деш) долчу санкцийн тептарехь ю. Организаци дукхазза бехкейира, фонде бертахь-бертаза ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма мехкан урхалхочо бехкаш тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG