Жигархо Янгулбаев ИбрахIим – бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ваша, полисхочун тIелатарна бехкейина чохь латтош йолчу Мусаева Зареман кIант – дуьхьала хилла шен цIехьулъян, дийцина шен нохчийн оппозицин 1ADAT каналаца йолчу зIенах лаьцна. Янгулбаев – цуьнан цхьахволу кхоллархо, куьйгалхо ву.
2020-чу шарахь кхоьллина болу болам еххачу хеначохь анониме буьссуш бара. Янгулбаев ИбрахIима Кавказ.Реалиига ма-аллара, цо лерина комментарий ца йора ша 1ADAT-ца воьзна хиларна, нохчийн зорбанаша церан доьзалан оцу боламца йолу зIенах лаьцна дIахьедича а. Цо бахарехь, цунна ца лаьара "кадыровхойн информацин майданахь ловза" а, нана дIалацарна тIера тидам дIаайбан а.
"Дечкен-баттахь нана лаьцначу хенахь ца лаьара кадыровхошна луург далийта а, 1ADAT-на тIехь терго йиссийта а, тхуна коьрта дара нана кIелхьараяккхар. ХIинца, чохь латтор рогIера дIадахдича, гучуделира – и гIуллакх дахлург хилар, цундела сайн цIе йовзийта сацам бира аса. Дукхачарна ишта а хууш дара боламца сан воьзна хилар", - дийцина жигархочо.
Къамелдечо билгалдаьккхира, 1ADAT-ан тобанехь 30 стаг хилар, цара хаамаш лехьабо, тексташ язйо, видеош йоху, бакъонашларъяран болх бо. Цул сов, цуьнан дешнашца, боламна хаамаш довзуьйтуш масех бIе стаг ву Нохчийчохь – рогIерчу наханна тIера хьаькамашка кхачалц. Масала, цаьргара кхочу, 1ADAT-о дIахьедарехь, Оьрсийчоьно Украинехь дIахьочу тIеман агрессехь кадыровхоша лелочух лаьцна информаци.
- Дечкен беттан 20-хь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело I5 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш. Кадыровхоша ЯнгулбаевгIеран доьзал 1ADAT телеграм-канал лелорна бехкебо.
- Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремана тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохьлаттон сацамбеш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра.
- Лахьан-баттахь Роскомнадзоро Соьлжа-ГIалан Заводскан кIоштан кхелан сацамна тIе а тевжаш Оьрсийчохь дIакъевлира Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьтта 1ADAT боламан интернет-ресурсийн цхьа дакъа. ДIакъовларан бахьанех цхьаъ Нохчийчоьнан прокуроран гIовсо хьахийра "кадыровхойн зуламе режимах" лаьцна арахецарш.