ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Флинн къера хилла Оьрсийчуьрча компанешкара ша ахчанаш эцна хиларна


Флинн Майкл
Флинн Майкл

Иза гойтуш ю ша шарахь гулбинчу бахамах лаьцна Флинна кечйина керла деклараци.

Iамеркан президенто Трамп Доналда къоман кхерамазаллехула хьехамчан даржера дIаваьккхина волчу инарло Флинн Майкла ша шарахь гулдинчу хьолах лаьцна керла деклараци кечйина, шен Оьрсийчоьнца хилла уьйраш а гойтуш, хаам бо "Iамеркан Аз" портало.

Керлачу декларацехь цо хаам бина Оьрсийчоьнан Iедало латточу RT (Russia Today, Оьрсийчоь Тахана) телекомпанино шена 45 эзар доллар делла хилар. И ахча инарлана делла хилла RT телекомпани кхоьллина 10 шо кхачар даздарехь къамел дарна.

Цул сов, Оьрсийчуьрча кхечу шина телекомпанино а делла Флинна масийтта эзар доллар шайн эфирехь къамел дарна.

Флиннан адвокато Келнер Роберта дIахьедар дина, шен клиенто ша балхара дIаваккхале кечйина хилла деклораци кхоччуш чекхяьккхина вариант яцара аьлла.

Цо дийцарехь, Флинн балхара дIаваккхале хьалха цуьнан аьтто ца хиллера президентан администрацица а, этикехула йолчу Iедалан урхаллаца а дагавала. Ткъа иза деш Iедал ду деклараци кечъяле хьалха.

Адвокато дийцарехь, тIаьхьо президентан администрацино и процесс чекхъяккха аьлча Флинна иза дира.

Флиннан тойина деклараци, президентан администрацин кхечу лаккхарчу даржашкахь болчу белхахойн декларацеш санна, зорбане яьккхина ПIераскан сарахь.

Оьрсийчоьнера ша эцначу ахчанех лаьцна хаамаш цо хьулбина хиларх лаьцна хаамаш баьржира, ФБР-о а, Сенатан а, Конгрессан Векалаллийн чоьнан а талламехула йолу комитеташ Оьрсийчоь Iамеркан президентан харжамашна юкъагIортар толлуш а йолуш.

Шен инаугураци а хилале, Трампа дIахьедар динера къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчан дарже Флинн хIотто дагахь ву ша аьлла.

Амма Флинна цу даржехь 24 де а бен ца даьккхира. Трампан администрацин декъашхоша чIагIдо, Флинн дIаваккхар Оьрсийчоьнца цо уьйраш лелийна хиларца доьзна дацара, Оьрсийчоьнан Iамеркерчу векалца ша цхьаьнакхетта хилар хьул а дина, вице-президент Пенс Майк Iехаварца дара бохуш.

Флинн мосуьйттоза цхьаьнакхетта хилла оьрсийн векалца Кисляк Сергейца, цу хенахь Iедал карахь долчу Обама Баракан администрацица дага а ца волуш.

Инарло Флинна вице-президентана Пенс Майкана а, кхин болчу Iамеркин президентан адаминистарцин белхахошна а харц информаци елла хилла шен Оьрсийчоьнан векалца хиллачу юкъаметтигех лаьцна, яздо до "Iамеркан Аз" портало.

XS
SM
MD
LG