ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъдерг хаа аьтто ца хилча даьржа эладитанаш


Муьлххачу юкъараллехь санна нохчашлахь а хийра дац хIилланца, кийтарлонца са яккха гIортар а, шен аьттонна харц тоьшаллаш дар а, доцург дан ма дара бохуш, хиллачух, тIе а детташ, басарш «дукъдеш» дестийна дийцар а.

Жимма а маьIне болчу муьлххачу а хиламах, шайг-шайгара тIе а детташ, тардина дийцар вайнехан юкъараллехь могIарера гIуллакх ду. Гинчух, хезначух тIедетташ, даздеш дийцар сакхте хIума лоручех ву Новран кIоштера Хасанов Макшари.

Хасанов: «Биггал шайна хууш доцург стенна дуьйцу суна ца хаьа. Ишта меттигаш кест-кеста нисло. Жимма хьалхо оццу тIай тIехь йолчу постехь кхиссарш хиллера, цхьа шиъ лаза а веш. Цунах ца а дуьйцуш хIума ца дисира, масех вийний-ваьккхханий бохуш».

Бакъ делахь а дацахь а, дуйнаш а бууш, моттарехь къамелаш деш болчеран карарчу хенахь къоьлла цахилар чIагIдо Дойкар-эвларчу Тасаев Эдус а.

Эду: «Массара-м ца леладора иза. Делахь а, ба-м бу тIедетташ, дахдеш дуьйцуш берш, бакъделахь а, дацахь а, дан ма дара иза иштта бохуш, къера дуйнаш а бууш».

Шена гина, хезна хIума а доцуш, гуш лаьтташехь харцдерг дуьйцучех масал а далош, къамел дира Шелковскан кIоштарчу пенсехь йолчу Ясаева Меис. Цо дешнашца низамхоша лаьцна йигначу цуьнан гергарчу йоIанна тIехь кхолла а ца кхуллуш хIума дитина ца хиллера юьртахоша. Меи ю йистхуьлуш.

Меи: «Доцчух дан а гIерташ и хIума дуьйцучунна Lела къинтIера ца валлал къа ду боху Iеламнаха. Тхан гергара йоI цхьа гIуллакх доццург а дийцина, лаьцна дIайигнера. Цунна тIехь дийца а ца дуьйцуш хIума ца дисира. Вуно чIогIа тIеIаткъам бинарг а йира цунах, етташ ницкъ бина а бехира.

ЦIаеъча дуй буур-кх цхьа пIелг хьакхабалийтина ма бац шех бохуш, хеттарш дар доцург».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG