ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан регионашлахь вакцинаци ярехь уггар а тIаьхьа ю Дагестан


Товбеца-беттан 22-чохь дину зерашца, Дагестанехь вакцинан хьалхара компонент тоьхнарш бу 6,8 процент бахархой. Оьрсийчохь уггар а лахара гайтам бу иза: вукху массо а регионашкахь 10 проценте даьлла и терахь. Оцу кепара зераш далийна РБК агенталло. Иштта тIаьхьа ю Дагестан вакцинан шина а дозанах чекхбевллачаьрца а: 4,4 % бу уьш.

ХIоттийначу рейтинган аутсайдерш хилла Къилбера мехкаш а - Адыгей, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа-ХIирийчоь, ГIалгIайчоь.

РБК-но тIечIагIдарехь, Къилбаседа-ХIирийчохь йоллу вакцина йина ваьлларг ву 9,9 процент, ткъа ГIалгIайчохь - 13,7 процент.
Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Ставрополан а, Краснодаран а кIошташкахь вакцина йина ваьлла 10-I5 процент бахархой. Масала, Нохчийчохь, еарин дийнахь довзийтинчу терахьашца, 13,2 проценте бу уьш. Вакцинан шина а дозех чекхбевлларш 15-20 % болчийн могIарехь ю ГIалмакхойчоь.

Прививкан хьалхарчу компонентех дерг аьлча, Оьрсийчоьнан кхо мохк хьалха бу: Чукотка, Белгородан кIошт, Москва, Москван кIошт, иштта, Нохчийчоь а. Цкъа маха тоьхна бахархой бу цигахь 30 процентал сов.

Тептарехь когашкахь ю, Дагестан йоцург а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, ГIалгIайчоь а, Вологодскан кIошт а ю. 15 процент меттигера бахархой цхьана дозех чекхбевлла цигахь.

Масала, ГIалгIайчохь вакцинаци йолийна - 9,74 проценто, ГIебарта-Балкхаройчохь - 11, 0%.

Хьалхара компонет тоьхначарлахь ю Къилбаседа-ХIирийчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, Адыгей а, Ставрополь а (15-20%).
Краснодаран а, Ростовн а кIошташкахь а, ГIалмакхойчохь а бу 20-25%.

  • Нохчийчохь вакцинаци бертаза еш ю. Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
  • Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархой кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада Мангал-баттахь полицина а, динан урхаллана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG