ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан зорбанашкахь тIейогIучу хенахь "Талибан" йихкина организаци ю ала мегар дац


Киселев Дмитрий
Киселев Дмитрий

Дуьненаюкъарчу информацин "Россия сегодня" агенталлин куьйгалло, "Россия 1" телеканалн белхахо Киселев Дмитрий ву цуьнан директор, дихкина шайн белхахошна "Талибан" организаци Оьрсийчохь цамагийна ю баха. Цуьнан метта "Талибан" хьахийначул тIаьхьа журналисташ яздан декхаре бу "террорхойн гIуллакх лелорна организаци ООН-н санкцешна бухахь ю".

Хаамийн гIирсаша билгалдоккху, "Россия сегодня" холдингана чуйогIучу Новости агенталлан а, ишта Russia Today телеканалан а сайташ тIехь хаамаш бу, керлачу формулировкех пайдаоьцуш аьлла.

Оьрсийчохь террорхойн леринчу организацийн федералан тептарехь ю "Талибан" официалехь.

Дуьненан дуккхаъчу мехкашкахь, иштта, Оьрсийчохь а цхьаьна террорхойн леринчу радикалан "Талибан" тобано тIом а ца беш, дIаяьккхира Афганистанан коьрта шахьар Кабул Марсхьокху-беттан 15-чохь. Президенто ГIани Ашрафа дIатесира пачхьалкх махкахь цIий Iанарна кхоьруш. Йоллу Афганистан бохург санна тIалибийн куьйгакIел йисира.

Малхбузен пачхьалкхаша къобал ца до радикалан боламан Iедал. Официалехь уьш тIе а ца лоцуш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьо тIалибашца, Москвахь уьш тIе а лоцуш.

ГIадужу-беттан 22-чохь Дискуссин "Валдай" клубан сессихь вистхуьлучу заманчохь президенто Путин Владимира дIахьедира, йихкинчу террорхойн юкъараллийн тептарера "Талибан" болам дIабаккха хьийзар ю Оьрсийчоь аьлла. Оцу юкъанна президенто билгалдаьккхира, уггар а хьалха и дан дезарг Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) Кхерамзаллин Кхеташо ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG