ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паьнказара хантоьхнарш: терроризмана бехкебарна реза бац Гуьржийчуьра нохчий


Паьнказан чIожера цхьахболу урам
Паьнказан чIожера цхьахболу урам

Терроризмана бехкевина, шайн хьокъехь бинчу сацамна чуйелла апелляци листаре хьоьжуш ву Гуьржийчохь пхи нохчо-кисто. Кху шеран зазадокху-баттахь кхайкхийнера таIзар, амма кхелйинарш реза бац цунна.

Стохка мангал-беттан 24-чохь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин Урхаллин спецназан эскархоша талламбира Дуиси, Корети эвларчу МачаликашвилигIеран а, ЦатиашвилигIеран а, БагакашвилигIеран а, КаватрашвилигIеран а хIусамашкахь, дIайехира мобилан телефонаш а, компьютерш а, лецира пхи стаг. ХIусамех хьовсучу заманчохь герз ца карийнера.

Уьш лецначул тIаьхьа, и ярташ чуйогIучу Паьнказан чIожан бахархой "доцург тIекхолларна" дуьхьал хIоттийначу митинге гулбеллера. Цара дIахьедора, йоллу видеош а, аудио тоьшаллаш а "шаьш кечдина ду", йа гуьржийн юкъараллина лерина "нохчийн маттера хуъушшехь харц гочдина" ду бохуш. Гулбеллачара карахь латтадора гуьржийн маттахь "Тхан тутмакхаш маьршабахар тIедожадо" аьлла яздина плакаташ.

Шо даьллачул тIаьхьа 39 шо долу Цатиашвили Iусупан бехк тIечIагIбира, арахьарчу террорхойн организацих дIакхетарна а, террорхойн гIуллакхашна гIоьналла латтторна а, цхьайтта шой, исс буттий хан кхайкхийра цунна. 21 шо долчу Кавтарашвили Рамазна а, 20 шераш долуш болчу Мачаликашвили Мохьмадна а, Багакашвили Хьамзатна а, Маргошвили Рамазна а таIзар дира террорхойн юкъараллехь дакъалацарна, царна исс шой, исс беттанаший хенаш туьйхира чохь яккха.

ТаIзарца а догIуш, Цатиашвили ИГИЛ-н Гуьржийчохь векал вара – гуьржийн вилаятан эмир, цо къайлах цхьанакхетарш дIахьош хиллера, Шемара а, Иракъера а хьал а, Гуьржийчохь теракташ ярх а дийцаредеш. Виссина виъ 2021-чу шеран бIаьста ИГИЛ-х дIакхетта хиллера, Туркойчу а вахана, организацин лидерна байIат дина боху, кхин дIа Шема ваха Iалашо йолуш хиллера, "террорхойн могIарш дуза", амма къастозачу бахьанашца ца кхиънера.

"Коронавирусан дозанаша новкъарло йина хила а тарлора", - аьлла хета талламна.

"Уьш ловзуш хиллера"

Паьнказан чIожехь КавтарашвилигIеран дай беха ши бIе гергга шераш ду. Цхьахволчу кхелйинчун дас, Кавтарашвили Iелас дакъалаьцна Нохчийчохь боьдучу хьалхарчу тIамехь, Ичкери йозуш йоцчу хенахь, Масхадов президент волуш, полицихь болх бина. 2000-чу шарахь Гуьржийчу дехьаваьллера, лазийначарна эвакуаци йеш, мухIажарш арабохуш гIо дина цо, меттигера эмир лаьттина, маьждигехь имам а хилла. Кхо йоI а, кхо кIант а ду цуьнан. Террорхо лерина Рамаз – юккъерниг ву царех. Иза бехке вац аьлла ца хета Iелина. Иза тешна ву, цунна дуьхьалдаьккхина бехкзуламан гIуллакх шайггара ду аьлла. Цо бахарехь, бехкбуьллучара къайлахчу сервисашкара кхаьчна харц тоьшаллаш далийна. Ца теша иза экспертизех а.

"КIанта чIагIдо, шена цхьаммо а вербовка йина яц бохуш, ткъа Цатиашвили Iусуп юьртахо ву – вевзаш кIант ву, тIеттIакхаьчча салам а луш. Къайлахчу сервисаша шена а, шен накъосташна а тIехь шина шарахь гергга терго латтийнера боху кIанта", - дуьйцу Кавтарашвилис.

Кавтарашвили Iела, Гуьржийчуьра Паьнказан чIожан вахархо
Кавтарашвили Iела, Гуьржийчуьра Паьнказан чIожан вахархо

ТаIзардинчун дена хетарехь, вербовка йина бохуш дуьйцу дерриг а талламо шеггара дуьйцуш ду, ткъа Туркойчу шен доттагIашца цхьаьна болхбан ваханера шен кIант.

"Исс класс чекхъяккхичхьана белхаш беш ву Рамаз: йа гIишлошъечохь шен вежаршца, йа Батумихь хасстоьмаш бухкучу туьканахь, цул тIаьхьа ахча даккха Туркойчу вахара. Ша лацале шо хьалха, цигахь чай схьалахьош вара иза. Ах бохург санна Гуьржийчоь йоьду Туркойчу белхаш бан, со суо а ву цига лелла. Цигахь тхан берашкара баккха бехк бацара цхьаьннан а, уьш лаца масех бутт болчу хенахь дуьхьало йоцуш юха Гуьржийчу а битира, луларчу юьртахь гIишлош ечохь белхаш беш бара уьш", - дуьйцу Кавтарашвили Iелас.

Оцу дешнийн маьIна а ца хууш, Iарбойн дешнаш юкъадалош хиллера цара къамел дечу заманчохь

Кисточо боху, радикалан исламна бехкевечу шен кIантана Iарбойн мотт а ур-атталла ца хаьа: "Ловзуш хиллера уьш доттагIашца, оцу дешнийн маьIна а ца хууш, Iарбойн дешнаш юкъадалош хиллера цара къамел дечу заманчохь, "АллахIу акбар" олура, Iарбойн маттахь йолчу нашидашка ладоьгIура, эвлара маьждиге оьхура".

Цо дийцарехь, стохка марсхьокаху-беттан 24-чохь церан цIа баьхкинера ткъех гергга ницкъахой. Рамазе шайца дIавола элира, цхьа стаг вевзий хьажа, дукха ца Iаш юхавоуьйтур ву а аьллера.

"Маса тIе бедарш йоьхна, Iуьйранна хIума кхоллуш ца Iаш, дIавахара кIант. Масех минот яьлча суна гира цара Маргошвили а, Багакашвили а сецош. Уьш берриш а хеттарш дан Тбилиси дIабигира",- дагалоьцу къамелдечо.

Кавтаршвилин кIантана тIаьхьабовлар дузу цо шен Iедалхошца йолчу юкъаметтигашца: цо чIагIдо, къайлахчу сервисашна болх бе бохуш, ша тIетаван гIертар.

"Со дуьхьал хилира, тIаккха сан доьзална тIехь терго латтон буьйлабелира",- боху Кавтарашвилис.

Шен кIант лаьцначул тIаьхьа Кавтарашвили Iелис имаман дарж дитира, бежнех, говрех хьаьжкIийн аренаш Iалашъйеш, ха деш ву иза хIинца.

"Юьртахь кхин бан болх бац", - боху къамелдечо.

Бакъо йоцу таIзар?

Паьнказан бахархошна тоха йиш йолу лаххара хенаш йиттина Тбилисси гIалин кхело, кхетадо юкъарчу специализацин юристо Лилуашвили Аннас, оцу гIуллакхехь адвокат яра иза. Цо дийцарехь, кхело бехк малбен магош мел долу хьелаш леринера.

"Дина таIзар низамехь дац, Гуьржийчоьнан Зуламан-процессуалан кодексан тIедахкаршца догIуш а дац аьлла хета тхуна. Боккъал долу тоьшаллаш тергоне ца эцна кхело, иск нийса листа маьIна лун и гIуллакх нисдалар а тергамза дитина", - боху юристо.

Цунна хетарехь, бехкбуьллуш таIзар дан бухех лаьцна сацамехь дIахьедина дац, иштта кхело жоп ца делла адвокатийн аргументашна а. Цул совнах, апелляцин латкъам листар 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь хир ду аьлла дара, амма иза а дIатеттина билгалъяккхазчу ханна.

Паьнказан чIожера цхьахйолчу эвлара урам
Паьнказан чIожера цхьахйолчу эвлара урам

ТIаьхьало яц

Кавказ.Реалиица къамел динчу гуьржийн эксперташна хетарехь, пхеа Паьнказан вахархочун гIуллакхан мах хадабойла дац йоллу пачхьалкхера социалан а, политикан а хьолах дIакъастийна.

"Паьнказара бахархой Гуьржийчоьнан юкъараллех кIезиг дIаийна бу, цигахь кхин ламасташ ду, кхин атмосфера ю, - кхетадо Гуьржийчоьнан тIеман министран гIовс хиллачу Харшиладзе Нодара. – Цкъацкъа цхьа ирча, кхераме хIуманаш дан буьйлало Iедалхой: дерриг а шайн куьйгакIел хилар дIагайта гIерта пачхьалкх, ма-дарра аьлча, ишта ма доций и".

Экспертан дешнашца, Паьнказара кегийрхойн ах декъо лелориг исламан салафитийн кеп ю, хIунда аьлча, Кавказна ламасте йолчу суфизмех цигахь дисина кIезиг ду.

Паьнказарчу кегийрхойн кхин дIоггара аьттонаш бац Гуьржийчохь

"Паьнказарчу кегийрхойн кхин дIоггара аьттонаш бац Гуьржийчохь, хIунда аьлча кхерам бу уьш криминала юккъе йа дозанал а арахьарчу радикалан организацешка гIуртур бу аьлла. Цундела, Паьнказарчу кегийрхойх цхьаммо дакъалаьцнера Шемарчу тIамехь даIишхойн агIор", - боху Харшиладзес.

Оцу юкъанна хIинца Паьнказан чIожера социалан хьал хьалхо хиллачьунга хьажча тоделла догIу аьлла хета бартбаран а, нийсаллин а пачхьалкхан министр лаьттинчу Закарейшвили Паатна.

"Позитиве динамика ю ала мегар ду. 90-чу шерашкахь Iаламат хала дара цигахь: Нохчийчуьра тIемалой балабора цига дарбадан а, лоьхуш болчуьра дIабаххалц хан яккха а. Делахь а, президент Шеварнадзе волчу хенахь и нах арабевлира чIожера. Тахана хьал нислуш ду. Пачхьалкхо алсам тидам тIебохуьйту Паьнказарчу бахархойн ламашна. Цигахь болх беш ю инфраструктурин проекташ, болх бо дешаран а, социалан-экономикаан а программаша",- чIагIдо эксперто.

Гуьржийчоьнан Iедалш кхоьру радикалан исламах, кегийрхошлахь иза даржарна сагатдо, кхетадо Закарейшвилис таIзаре хIиттийначарна яккхий хенаш йеттарх. Ткъа шена экспертна, делахь а, нийса ца хета сил шога дина таIзар.

Гуьржийчуьра Паьнказан чIожера маьждиг
Гуьржийчуьра Паьнказан чIожера маьждиг

"ТIехсов шога барамаш мелхо а зене бу. Уьш юкъараллина пайда бохьуш гуттар а ца хуьлу. Стенна йиттина оццул яккхий хенаш? Ламастен исламехула Iаткъамбан мегар ма дара кегийрхошна, ткъа таIзар дечу хенахь мел а кIеда барамаш лелон. Цара динчух зулам ала а ца хIутту со-м", - боху Закарейшвилис.

Оцу юкъанна, кхелйинарш нохчий бу аьлла, цаьрца цхьа хIуьттаренаш лелийна хиллехь а тамаш бу, аьлла хета экспертана.

"Аджарира бусулбанаш а бара цхьана хенахь даIишца, Шемахь, цигара схьа гуьржийн юкъаралле майраллин хаамаш кхоьхьуьйтура. Уьш юхабаьхкинехь, иштта кхела хьалха хIиттийна хир бара, яккхий хенаш тоьхна а хир яра", - билгалдоккху Закарейшвилис.

Гуьржийн Iедалехь ша болх бечу заманчохь, дагалоьцу къамелдечо, хьалхара министр вара иза, Паьнказа баьхкинчарех. Кхул хьалха официалан Iедалхойх ницкъахой бен бацара цига боьлхуш.

"Тхо Iедалехь долчу заманчохь (Саакашвилин хенахь.- Редакцин билгалдаккхар.) Паьнказара хьал уггар а буламечух дара. Кистойн чIогIа чолхе юкъаметтигаш яра полицица. Уьш ца тешара пачхьалкхах, ткъа оха, оцу Iедалан векалш хиларе терра, хьал мел а кIад динера, тхайн цунах гIуллакх хилира аьлла а хета суна. ХIинца кхерамзалле ду цигахь",- дерзийра Закарейшвилис.

Итт шо хьалха Паьнказахь кегийрхойн радикализаци тIехсов лакхаяьллера, Шемара конфликт карзахъяларца, аьлла хета Кавказ толлучу юкъаралхочунна Бордзикашвили Сулханна. Цуьнан лараршца, Шема тIом бан Паьнказара 70 стаг вахана. Ткъа тахана, боху цо, экономикан халонаш ца йийцича, уггар а чIожан бахархошна халчух ю дешаран проблема.

Цара боху: лулахо дешна ваьлла, гергарниг дешна ваьлла, ахча дайъина, юха цIа баьхкина, хIинца болх боцуш Iа

"Дукхазза хезна суна Паьнказара сайна бевзачаьргара, университете деша вахар маьIне дац аьлла. Цара боху: лулахо дешна ваьлла, гергарниг дешна ваьлла, ахча дайъина, юха цIа баьхкина, хIинца болх боцуш Iа", - билгалдоккху Бордзикашвилис.

Цуьнца цхьаьна, боху эксперто, кистойн кегийрхойн кIорггера дин Iамо аьтто а бац – Паьнказахь хьуьжар яц.

"ХIинца а кхачам боллуш дац динах лаьцна хаарш, ткъа итт шо хьалха-м дуккхаъберш кхеташ бацара даIишо динехь магийта йиш йоцург леладойла. Цига баха марздинчарлахь 75-80 процент кегийрхой бара. Уьш тешон гIертара, Асадан режим динна дуьхьал ю бохучух. ДаIишан методех а бацара хIетахь хууш дукха", - боху Бордзикашвилис.

Гуьржийчуьра Паьнказан чIоже
Гуьржийчуьра Паьнказан чIоже

Цунна хетарехь, гуьржийн Iедалхой буьйлабелла Паьнказахь экстремизман темана тIехь тидам латтон, кхинйолчу проблемашна тIера терго дIаяккхархьама – экономикан гIоьналлин программаш эвсара болх беш яц Паьнказахь.

"Бизнес йоло ахча оьцийла ду, амма Паьнказахь иза тIаьхьало йолуш хир дац. Дукхаъчу проекташна зенаш хуьлу, масех бутт баьлча дIакъовлу уьш тIаккха", - боху Бордзикашвилис.

***

Кахетин (Гуьржийчоь) Ахметан муниципалитетехь ю Паьнказан чIоже, Алазания хинан лакхенехь. Цигахь, нохчий беха, мел дукха а, 16 эвла ю.

Шемахь тIемаш беш вара гуьржийн Паьнказа регионера нохчо Шишани Муслим (Маргошвили Мурад). "Джунуд аш-Шам" тобанан куьйгалла деш вара иза 2013-чу шарера схьа дуьйна. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тептаре язвира иза, террорхо санна, цунна дуьхьалъяьхнера санкциш. 2021-чу шеран гIуран-баттахь Оьрсийчоьнан президентан Шемара конфликт ерзорехула волчу лерринчу векало Лаврентьев Александра дIахьедира, оьрсийн тIеман авиацино динчу тохаршкахь Шишани вийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG