ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламентан спикеро Даудовс кхерамаш тесна Закаевна, шаьш гучувоккхур ву аьлла


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада инстаграмехь хIоттийначу видеохь кхайкхамбина Лондонехь вехачу политике Закаев Ахьмаде, цуьнан "гергарчу нахе иза хIу стаг ву дуьцуьйтур ду" шаьш аьлла. Регионерчу хьаькамо бахарехь, нагахь санна, Закаевс Нохчийчоьнан урхалхочунна ен критика саца ца яхь, и дан дагахь бу уьш.

"Ас хьох лаьцна дийцахь, нах кхин башха цецбевр бац. Цундела ас хьайн нахе вуьцуьйтур ву хьо ма-варра. Дуьххьара дац цара, хьо едда яхана, лара оьшуш йоцу хIума ю боху. Хьуна юха а хазорхьама, кхин цкъа а бохуьйтур ду ас цаьрга. ТIаккха хезар хьуна уьш. Охьа а хиъна, оцу кепара къамелаш мел дечийн гергарчу нахе бохуьйтур ду ас шу хIу нах ю", - аьлла, кхерам тесна Даудовс.

Мехкан Iедалхошна луьйш болчу нахана, къаьсттина Закаев Ахьмадна а, Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIантана Масхадов Анзоран а юха а тIедожийна спикеро, "баккъалчу тIаме дуьйла" аьлла: "ЦIа а дуьйлий, туна дуьхьал латий, ле! Оха мехаза кема а доуьйтур ду шуна тIаьхьа".

Даудовна хетарехь, Кадыровна критика яр "жигара даьккхина", шо долалуш нохчийн гIаттамхойн хьалханча Бютукаев Аслан а, кхин а пхи тIемало а вуьйш, леррина операци дIаяьхьначул тIаьхьа.
Даудовс боху, хIетахь дуьйна Нохчийчохь "терроризм" боху кхетам дIабаьккхина хилар тIе ца лацало цаьрга.

Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна хилла кхаарин дийнахь герзашца, муьлш бу цахуучу наха. Цуьнах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига ТIехьа-Мартанарчу хьасташа.

Хьалхо хаамбора, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца юкъахь дIахьочу эфирехь Кадыровс кхерамаш тесна хиларх Закаевна, иза "сийначу цIарах вагор ву" ша аьлла. Делахь а, дуьххьара дац Закаев Ахьмадна Кадыровс кхерамаш туьйсу. Политикна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранчас Чалаев Замида куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийра хIетахь ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу а олуш кхелхинарш.

Дахначу кIиранах ишта Кадыровс кхайкхамбира Закаевга, хьайн цхьахволу воI Нохчийчу хьажаве, "ша шен эккхийтар а дина, гIазотехь валийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, ишта "гайта езаш ю къонахалла" цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG