ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пасторийн конференцин 200 декъашхо лаьцна полицино Подмосковьехь


Беларуси - "Керла Дахар" килсан протестанташ ламаз деш бу, 2021 г.
Беларуси - "Керла Дахар" килсан протестанташ ламаз деш бу, 2021 г.

Подмосковьерчу Раменское гIалахь полисхоша, протестантийн "Нового поколение" килсийн пасторийн конференце а баьхкина, лаьцна 200 гергга стаг. Цунах хаам бо "Настоящее время" телеканало, "ОВД-Инфо" хьостана а, "Взгляд с Небесной" YouTube-канална а тIе а тевжаш.

Низимаш лардо органийн белхахоша лаьтта охьабехкина лецнарш яххьашца шийлачу цIенкъийте, иштта латтийна 40 минотехь. Хаам беш бу, конференцин декъашхойх цхьанна йиттина хиларх лаьцна.

Буьйсанна 2 сахьт долуш делах теша нах дIахеца болийна. Царна протоколаш хIиттийна, амма лелийнарг билггал муьлха артикл ю цкъачунна хууш дац. Цунах лаьцна хаам бина шен фесбукехь лаккхара пастора Раткин Альберта.

Конференци дIайоьду ши де ду, цигахь дакъалоцуш ю регистраци йина а, регистраци йина йоцу а динан вовшахтохараллаш. Гарехь, полицино лаьрра царна юкъахь хила мега аьлла, Оьрсийчохь хилийта лууш йоцу вовшахтохараллаш а.

Кхушара Марсхьокху баттахь Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро мехкан территори тIехь хилийта лууш йоцуш лерира йиъ махкал арахьара динан вовшахтохаралла. Уьш ю "Новое поколение" Дуьненаюкъара керстан болам (Латви), "Новое поколение" Евангелан керстан килс (Латви), "Новое поколение" вангелан керстан Украинин керстан килсан Динан урхалла, "Новое поколение" Динан дешаран заведени Дуьненаюкъара библин колледж (Украина).

Прокуратурина хетарехь, и вовшахтохараллаш кхерам бохьуш ю Оьрсийчоьнан конституцин хIоттамна. "Хилар лууш доцу вовшахтохараллаша" сацо дезаш ду шаьш махкахь дийриг, цунна дуьхьал болу наха административан а, криминалан а жоп лур ду шаьш лелочух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG