ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пайхамаран хьадис" Муцураевн илли бахьанехь гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна


Нохчийчохь Гуьмсерчу кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Саиев Адам, экстремистийн материалаш яржийна аьлла, цо "ВКонтакте" бардан Муцураев Тимуран йиш дIахIотторна.

Оцу социалан машанехь "Аудиозаписи" декъехь шен агIонехь цо дIахIоттийна хилла "Хадис Пророка" (Пайхамаран хьадис) цIе йолу Муцураевн йиш. Цуьнца цхьаьна экстремистийн материалийн тептарехь и цIе йолуш йиш яц.

Саиев бехке веш Гуьмсерчу кхело юьхьарлаьцнарг бу Ростов (Ростов-на-Дону)сгIалан Первомайски кIоштан суьдо бина сацам. Ткъа оцу сацамехь экстремизман лерина а, яьржор дихкина а долчу эшарийн тептарна тIехь ерг ю текст а, "Исламан умма" видеоролик а.

Саиев Адам къера хилла ша бехке хиларна. Федералан суьдхочо Аврабиев Мухмада таIзар дина цунна 100 тьума гIуда такха декхарелахь а вина.

Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, экстремизман материалаш кечъярна а, уьш яржорна а гIуда тоха догIу 100-300 туьма, я чуволла догIу 15 денна.

  • Бард Муцураев Тимур гоьвелира Нохчийчохь къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо джихIаде кхойкху иллеш. Ша Муцураев а ву федералан эскаршна дуьхьал тIемаш бина, цул тIаьхьа Азербайджане дIавахара иза, ткъа 2008-чу шарахь даймахка юхавеара. Карарчу хенахь бизнес лелош ву иза, иллеш алар дитина цо.
  • Кест-кеста кхелаш йо Оьрсийчохь социалан машанашкахь Муцураевн иллешка ладугIучарна, ишта Нохчийчохь а. Масех эзар сом гIуда а тухий, дерзадо дуьхьалдоху гIуллакхаш.
  • Экстремистийн материалаш яржорна бехкевира Къилба ХIирийчуьра студент. Социалан машанерчу цуьнан агIон тIехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран 2014-чу шарахь Оьрсийчохь дихкинчех "Сады нас ждут" илли хааделлера полисхошна. Оьрсийн зуламан кодексан 20.20 артикл йохийна аьлла, тIечIагIдинчу кхело тидаме эцна оцу кIентан цу деношкхаь бен 18 шо кхаьчна цахилар. Оцу бахьанашца 1000 эзар сом гIуда а текхна, валийтинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG