ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсионерийн партин цIарах Думе воьдучу МВД-н инарло петар эцна шена 58 млн-х


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан пенсионерийн партин цIарах Пачхьалкхан Думан харжамашкахь дакъалаца кечвеллачу Удмуртин чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Первухин Александара петар эцна шена Москвахь 58 миллион сом а делла. Иза гучудаьлла "МХБ медиа" зорбан гIирсана, кандидатийн бахамах а, хиллачу пайданах а лаьцна декларацеш толлуш, хаам бо Свобода Радионо.

Долчу кехаташца а догIуш, полицин хиллачу хьаькамо стохка Мангалан-баттахь хIусам оьцуш дайъина рицкъ ду "совгIат" а, "юхалуг делла ахча" а.

Цуьнца цхьаьна, тIаьхьарчу кхаа шарахь Первухина шен зудчуьнца цхьаьна даьккхинчу ахчанан барам бу 20 миллион сом ца кхоччуш, ткъа цул хьалха удмуртийн МВД-н куьйгалхочо хIора шарахь кечйинчу декларацехь гайтина пайда бу хIоразза 2,2 миллион соьмал а лахара.

Полицин инарла-майора Первухина куьйгалла дина республикерчу МВД-на 2011-2018-чу шерашкахь.

Цхьа де хьалха зорбан гIирсаша хаам бира, "Единая Россия" партин цIарах Свердловн кIоштан низамашдахаран гуламан депутата Гаффнер Ильяс 2020-чу шарахь деклараци кечйина цхьана а соьмана пайда ца хилла шена аьлла. Iедалхо реза ца хилира жоп дала, шега журналисташа, стенах вехаш ву хьо аьлла, хаттар дича. Хьалхо Гаффнера кхайкхам бинера Оьрсийчуьрчу бахархошка "юъург юхаоза" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG