ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагона бехк цабиллар дехна бохаман гIалат даларна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр Остин Ллойд
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр Остин Ллойд

Пентагона бехк цабиллар дехна, дронаца тохар а дина, 10 маьрша адам дерна, Iалашо хилла ракета тухуш даIишан террорхо-Iожалхо, хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Марсхьокху-беттан 29-хь Кабулехь тIелатар динарг дара Америкин тIехь пилот воцу кема.

И тIелатар дира Кабулан аэропортехь, 13 амеркахойн эскархо а, эвакуаци аре хьоьжуш хилла дуккха а афганхой а бойуш, террорхоша эккхийтар дича. Цул сов Американ дроно тохарш динера Афганистанан малхбалехь а. Цул тIехь Пентагонан векалша бинчу хаамца, даIишан 2 террорхо а вуьйш.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло дIахьедина, 10 маьрша вахархо, шайх 7 бер а долуш, вер "боккхачу бохаман гIалат" дара аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Коьртачу буьйранчаллан куьйгалхочо инарла Маккензи Фрэнка дIахьедина, тохар де аьлла омра дIалуш ша тешна вара, террорхо кхерам бохьуш ву Кабулерчу аэропортехь болчу амеркахойн эскархошна а, маьршачу нахана а аьлла.

Свобода Радионо бинчу хаамца, Американ эскархошна жимачу машенчохь хилла эккхийта кечйина бомбанаш ю моьттинарш хиллера чохь хи долу канистраш. ШолгIа тохар дича лелхийтинарш яра пропан газ чохь йолу баллонаш. Талламхоша жамI дина, хьалхар тохар дина йохийна машен цхьа а кхерам бохьуш ца хиларх лаьцна. Ткъа цунна урхалла деш хилларг хиллера дукха хенахь дуьйна Американ гуманитаран вошахтохараллин хилла белхахо.

"Оха къинтIера довлар доьху, и ирча гIалат юха ца далийта хьовсур ду тхо"? – дхьахьедина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министра Остин Ллойда.

Лаккхарчу даржашкахь болчу Пентагонан векалша наггахь а бен ца доьху шайна къинтIера довлар, маьрша бахархой кхалхарна, билгалдоккху Американ Аз портала.

Зорбан гIирсо яздарехь, Афганистанна ахьара гIаьттинчу дрона тIелатар дина маьрша бахархой байъаро хаттар кхуллу, тIейогIучу ханна муха дийр ду Америко цу тайпа тохарш аьлла – Американ эскарш цу регионера арадахаро халчу даьккхина террорхойх лаьцна хаамаш гулбар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG