ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилера векаллала Къудсе дехьаяккхарна критика ловш ю Iамерка


Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:06 0:00
Линкана тIе

Iамеркан Израилера векалалла Тел-Авивера Къудсе дехьаяккхарна мостагIий хилла ца Iаш Вашингтонна критика еш бу цуьнан бертахой а.

Британин премьер-министран Мэй Терезин зорбанан секретаро дIахьедар дина, шаьш реза дац Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн векалалла Къудсе дехь а яьккхина, иза Изараилан коьрта гIала хилар даре дарна, Гергарчу Малхбалехь хIоьттина машар а боцуш аьллла.

Францин президенто Макрон Эммануэла емал дина Газа Асанехь Израилан салташа 50 сов палестинахо а вуьйш, ницкъ бар. Макрона ша масийттоза варе винера боху Iамеркан президент Трамп Доналд, Къудс Израилан коьрта гIала ю аьлла, сацам баран хир йолу тIаьхьенийн хьокъехь.

Шен дIахьедарехь Макронан офисо хааам бина, Фанцин президенто Урданан паччахьца IабдуллахIца а, Палестинин президентаца Iаббас Махьмудца а къамел дина хилар. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс юха а дIахьедар дина Москох дуьхьал хиларна Iамерко шен векалалла Къудсе дехьяккхарна. Шаьш тешна ду боху цо, дуьненаюкъараллан сацамаш цу кепара хийца мегаш ца хиларх.

Iаьрбийн дуккха а пачхьалкхаша а емал йина и гIулч. Иштта Ливанан премьер-министрана Харири Саадана иза питане гIулч ю аьлла хета. Ткъа ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро иза "вуно докккхачу эхьан де" ду аьлла.

СаIудийн пачхьалкхо емалдина Израилан салташа палестинахошна Газа Асанехь герз деттар, амма хIумма а ца аьлла Къудсехь амеркахоша шайн векалалла схьаелларх.

Лондонехь визитца волчу Туркойчоьнан президенто Тайин Эрдогана дIахьедар дина векалалла дехьаяккхар "вуно чIогIа нийса доцуш хIума ду" аьлла. Цунна хетарехь, цу гIулчо бакъо дIаяьккхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Гегрчу Малхбалерчу машаран процессана юкъахь дакъалаца.

Туркойчоьнан Iедало дIахьедар дина шайн Iамеркера векал дагадовла цIакхойкхур ву шаьш аьлла.

Кувейто емал дина Газехь ницкъ бар. Цу пачхьалкхо дехар дина леррина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташо кхайкха аьлла.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Аьтто хилча деша гIур дарий шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG