ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пермь гIалахь 5 стаг велла довхачу хин биргIа эккхар бахьанехь


Хьешан цIа чохь буьйса йоккхуш хилла 5 стаг велла Пермь гIалахь, кхоъ лазийна. Оьрсийчоьнан орцан министралло РБК агенталле бинчу хаамца, баларш нисделла цIа чохь довхачу хин биргIанаш лелхар бахьана долуш. "Интерфаксо" бахарехь, беллачаралахь цхьа бер а ду.

Оршоьтан Iуьйранна тIекIелдинчу цIенна чохь лилхина биргIанаш. Ткъа хьешан цIа «Карамель» лаьтта оцу гIишлонан лахарчу гIатта тIехь. Бохам хиллачохь даьхначу суьрташа гойту кхехкачу хин Iаь. Тешаша дийцарехь, лилхинчу биргIанаш чуьра дIадетта хи кхаьчна хилла луларчу кхечу ураме а тIехь.

Бохам хиллачу метте вахана Пермь мехкан губернатор Решетников Максим, яздо прессехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG