Паччахьна Николай II а, цуьнан доьзална а болшевикаша тоьпаш тоьхначул тIаьхьа, Оьрсийчуьра къайлах дIадаьхьина РомановгIеран доьзалан суьрташ. Цара гойту паччахьан доьзалан дахар. (Йельскан Университетерчу наггахь бен доцчу тептарийн, йозанийн Beinecke библиотеко магийна суьрташ довзийта).
ХIаллакбале: Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу паччахьан доьзалан девзаш доцу суьрташ

1
Николай II а, цуьнан зуда Александра а (аьтто агIор), церан йиъ йоI а, воI а. Оьрсийчоьнан паччахьаллера воккхуш, Николайга куьг тIаIадайтира 1917-чу шарахь. ТIаьхьо болшевикаша цунна а, цуьнан доьзална а тоьпаш а тоьхна, арсаш а диттина, байира. Цул тIахьа, церан декъеш аьргалли чу а теIийна, кIора боккхучу гIучу кхийсира.

2
Паччахь Николай II туьлган бух болчу хичухула лела Финландехь. Цуьнан да хеназа велча, цо шен доттагIчуьнга къайлах элира: "Со хIинца а кийча вац паччахь хила. Суна хIумма а ца хаьа пачхьалкхах жоп дала".
Паччахь Николай II туьлган бух болчу хичухула лела Финландехь. Цуьнан да хеназа велча, цо шен доттагIчуьнга къайлах элира: "Со хIинца а кийча вац паччахь хила. Суна хIумма а ца хаьа пачхьалкхах жоп дала".

3
Паччахь Николай II а, цуьнан кIант Алексей а Петарбухна гергахь. Пачхьалкхан архаш караэца езаш волу кIант гемофилия лазаро Iазапехь латтавора. (Оцу цамгаро цIийна дата ца торуьйту).

4
Воробьёва Анна (аьтто агIор) хийистехула йолалуш ю Оьрсийчоьнан паччахьан Никойлай II шина йоьIца - Татьяница а, Олгица а. Паччахьан доьзал бийнчул тIаьхьа, церан доттагIчун Аннин аьтто белира Советан Пачхьалкхера едда, кIелхьараяла, шеца 6 суьртийн албом а эцна. Цу албомашна юкъара ду хIара суьрташ.