Паччахьна Николай II а, цуьнан доьзална а болшевикаша тоьпаш тоьхначул тIаьхьа, Оьрсийчуьра къайлах дIадаьхьина РомановгIеран доьзалан суьрташ. Цара гойту паччахьан доьзалан дахар. (Йельскан Университетерчу наггахь бен доцчу тептарийн, йозанийн Beinecke библиотеко магийна суьрташ довзийта).
ХIаллакбале: Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу паччахьан доьзалан девзаш доцу суьрташ
5
Императоран зуда Александра (аьрру агIор) Анна Воробьеваца а, Ольгица а, церан уггар йоккхахчу йоьIаца а. Iедал керчинчул тIаьхьа Анна лецира, амма Финлянде едира иза шеца 2600 сов сурт а долуш. Оцу суьрташа гойту РомановгIеран дахар. Иза елла 1964-чу шарахь Хелсинкехь.
6
Стандарт-кеманна тIехь (императоран кема) язйо Александра. ТIехьа гуш бу паччахьан йоьIарий.
7
Паччахьан ши йоI Стандарта тIехь. Бераш лардан тIевиллина вара цхьацца стаг.
8
Николай II а, цуьнан бераш а ГIирмехь.