Паччахьна Николай II а, цуьнан доьзална а болшевикаша тоьпаш тоьхначул тIаьхьа, Оьрсийчуьра къайлах дIадаьхьина РомановгIеран доьзалан суьрташ. Цара гойту паччахьан доьзалан дахар. (Йельскан Университетерчу наггахь бен доцчу тептарийн, йозанийн Beinecke библиотеко магийна суьрташ довзийта).
ХIаллакбале: Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу паччахьан доьзалан девзаш доцу суьрташ
13
Паччахьан воI Романов Алексей - дарж рогIехь кхочура цунна. 13 шо дара кIентан доьзал хIаллакбеш.
14
Паччахьан воI Алексей (аьрру агIор кхоалгIа) ловзуш ву салташца. Деревенко Андрей (аьрру агIор тIаьххьараниг) вара кIант ларван тIехIоттийна. Iедал керчачу муьрехь Деревенко болшевикашкахьа ваьлла.
15
Нагорный Клементна (аьтто агIор) тешийнера Алексей ларван. Революци хилча, 1917 шарахь, иза паччахьца висира, ша вен тарлой хуъушехь. Набахтичохь Алексейн дашо зIе ца лачкъаяйта дуьхьалваьлча, тапча тоьхна вийна иза набахтин хано.
16
Пьер Гиллиард, францхо, доьзалан хьехархо, ша Iамочу РомановгIаьрца - Ольгица а,Татьяница а. Паччахьца висина Революци хилча. Ведда Оьрсийчуьра. Цо аьтто бина паччахьан доьзал бер толлуш. Кхелхина Швейцарехь 1962 шарахь.