ТIекхочийла долу линкаш

Наха хазахетарца тIеэцна Соьлж-ГIалара Германе хIаваан кема лела доладалар.

Iуьйранна дIадахна Соьлж-ГIалара аэропортера Мюнхене доьду хIаваъ кема. Иза дуьххьара ду Европан деган юккъе Нохчийчура доьду кема. Дуьххьара рейсан башха дукха нах а бацара, аьлла соьга телефонан зIенехула дийцира аэропортан кассера белхахочо.

Кассир: «Тахана дуьххьара рейс яра. Iуьйранна дIадахара иза. Цига а, юха а гIура долуш ду иза. Билетан мах 12 эзар соьман барамехь бу. Цхьана агIор. 15-чохь, 22-чохь, 29 чохь деношка лелара ду иза. Кхиъ алсам хила а мега рейсаш, хIара бутт юккъе бен баьлла ма боций».

Мюнхене рейсаца баханчарна юкъахь ву Соьлж-ГIалара вахархо Абдурзаков Алихан. Ганза дукха хан йолу шен гергара нах болчу хьошалгIа вахана ша аьлла дийцира цо телефонехула.

Абдурзаков: «Со хIинца схьакхаьчна-кх кху Германе. Кхуза ван лууш дукха хан а яра. ЦIера стаг веъча, шаьш цIакхаьчча санна хазахета шайна бохуш бара гергарнаш. Массанхьа а бу уьш. Франци а, Австри а. Грознехь кема схьадиллина доккха гIуллакх ду нахана. Телефон чуьра хьйн билет эца йиша а ю».

Германерачу Гамбургехь вехачу Мусостов Супьяна бахарехь, дукха наха хазахеташ тIеэцна хIаваъ кеман рейс Соьлж-ГIалара йллина аьлла хаам. ХIинца, хьажхIотта цIабахка луучеран терахь алсам дера ду, элира цо.

Мусостов: «Германе рейс йиллина бохуш суна а хезна. Со-м кхузахь волу 3 шо бен дац. Дукха наххана чIогIа хазахетта иза схьайиллина. Боккха кхаъ бу-кх царна, тIе а хиина цIабахка церан йиш хиларна».

ХIинцалц Европе боьду некъ Нохчийчуьрчу бахархой дукхачу декъана бара Беларусера, Туркойчура, Гуьржийчура. Германин коьрта шахIаре Берлине а яра рейс йиллина, амма Туркойнчохь кема хийца дезаш дара. КесталгIа Париже, Амстердаме, Дюссельдорфе а рейсаш хилийта дагахь ду Нохчийчура Iедал.

Тахханехь Мюнхенера Соьлж-ГIала юхадирзина UTair авиакомпанин кема. Германера дуьйцу Маршо Радион корреспонденто Азимова Сийлахас.

Мюнхенерчу Франц Йозеф Штраусан цIарахчу аэропортан онлайн-табло тIехь Португалерчу Лиссабоней, ХIолландерчу доьдучу кеманашна юккъехь гойтуш ю ингалс маттахь „Grozny“ аьлла билгалйаьккхинчу Соьлжа-гIала йоьду рейс. Европерчу хенаца ткъо минот яьлча шиъ долуш, ткъа Нохчийчуьрчуьнца ткъо минот яьлча кхоъ долуш айлуш долу и кема меттигерчу, Соьлжа-гIаларчу хенаца, 15 минот йаьлча ворхI долуш охьадуссу.

Кхаари дийнахь дуьххьара Европера юкъара социйлаш а йоцуш, доьдуш лаьтташехь Нохчийчу дахана кема ду иза. Оьрсийчуьрчу Ютайр авиакампанино юккъеяккхина и рейс, Германерчу Мюнхенний, Соьлжа-гIалиний юккъехь нийса некъ боьллуш. Цу авиакампанин пресс-секретаро Шуптар Анастасияс Маршо радиога дийцарехь, Нохчийчоьнан коьрта шахьаре Европица юкъарасоцийлаш а йоцуш, стигалхула некъ баккхар тоххарехь а оьшуш хIума дара, эзарнаш кавказхошна керла таронаш схьа а йоьллуш.

Шуптар Анастасия: „UTair авиакампанино кавказерчу регионехь транспортан таронаш кхиош а, шорьеш а болх бо. Махачкала а, Ростов, Минеральные Воды а гIаланаш вовшашца юзуш оха кху шеран стигалкъекъа баттахь долийначунна тIе кхетта хIинца оха дуьххьарлера Нохчийчоьнан коьртачу гIалара юкъарасоцийлаш а йоцуш Европерчу яккхийчех гIала Мюнхене рейс схьаеллар.

Цу рейсан старт Нохчийчоьнан урхалло гIодар бахьана долуш хилла. Цу рейсано Соьлжа-гIалина а, йолучу кавказан регионан а йаккхийчу таронийн спектр схьайоьллу. ХIинцачул тIаьхьа Европехь якхийчех аэропорте 4 сахьтехь ах сахьтехь комфортехь, социйла а ца еш, кхача йиш хир ю церан“.

Цкъачунна Соьлжа-гIала Европера цхьана Мюнхенера бен хир дац кема. КIирнахь цкъа бен а дац. ХIора еари дийнахь цкъа хьалха Нохчийчуьра Iуьйранна 9 сахьт 10 минот яьлча новкъадолу иза Баварин коьртачу шахьаре, цига 12.40 минот яьлча дIакхочу. Цул тIаьхьа нийса ши сахьт даьлча, 13.40 минот аьлча некъахой а оьций, Нохчийчу юхадоьду.

Цу маршрутаца рейсаш мел оьшуш, нахалахь царах пайдаоьцуш хир ю бохучух лаьцна иштта дийцира Ютейр авиакампанин векалс.

Шуптар Анастасия: „ Тхуна хетарехь, цкъачунна нийса хир дацара и рейс мел оьшуш а, популяре ю бохург дуьххьарлерчу кеманашца дустар. Тахана дахана цига дуьххьар кеманаш дIаса. ХIунда аьлча дуьххьара еш йолу рейсаш даима а дукха йуьзна ца хуьлу. Амма и рейс лакхарчу сезонехь – и бохарг ду аьхка – суна хетарехь, кеста хIара аьхкенан сезон дIа ма йирзнехь тхан и рейс оьшуш ю-яц бохучух лаьцна дуьххьара жамIаш дан йиш хир ю“.

Ала догIу, Мюнхенера Нохчийчу нийса дIадоьдучу кеманца бахар Европехь цу цхьана гIалахь Iачарна хилла а ца Iаш, луларчу гIаланашкара а, ур-атталла пачхьалкхашкара а нохчашна хенаца а, ахчанца вуно санехь ду, хIинцалца санна Москохахула, Истанбулехула я кхечу кхечу меттигашкахула гонаш дохучул а. Интернетехь а, авиакассашкахь а эца йиш йолчу билетийн мах 10 бIе ах бIе соьмана тIера дIаболалуш бу, юкъарчу хьесапехь 14-15 эзар сом долу царах. Ткъа новкъахь йоккхуш ерг 4 сахьт ах сахьт хан ю.

ХIинцале а боккха кхаъ хилла цу рейсах Европехь бехачу нохчашна. ХьастагIа цу кеманца яха а гIоьртина, еари дийнахь бен иза доьдуш ца хиларна йисира ша бохуш дийцира Маршо радионе Венера балхара мукъаханна цIаяха лууш хиллачу Дадаева Румисас.

Дадаева Румиса: „Хазанесанна чIогIа аьхна хета суна иза. Москохахула лелачул а вуно аттох ма дуй нийса воьдуш лаьтташехь цIаваха. Со цуьнца яха хьаьжнера, амма суна ца мегира иза, сан хан кIеззиг хиларна, сихха дIа а яхана схьаян езаш. ХIинца ца нисделла юха йоьдуш цуьнга яха хьожур ю со, кIиранахь шозза а, кхозза а иза доьдуш делахь кхин а дикох хетар дара суна“.

Соьлжа-ГIалиний, Мюнхенний юккъехь кема аьхка бен лелар дац аьлла дара цу рейсах хьалхара яьржина хиллачу информацехь. Ютейр авиакампанин пресс-секретаро Шубтар Анастасияс Маршо радиога элира, нагахь санна некъахой алсам а болуш, и рейс популяре а, оьшуш а хилар къастахь, гуьйранна а, Iай а рейсаш йита там бу шаьш, аьлла.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG