ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песковс комментари ца йина Киевна тIелатарх лаьцна Кадыровн дIахьедаршна


Кадыров Рамзан а, Песков Дмитрий а
Кадыров Рамзан а, Песков Дмитрий а

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий реза ца хилла оьрсийн эскарийн Киев схьаяккха лаам хиларх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIахьедаршна комментари йан, журналистийн хеттарш тIеман министралле дIахьажийна цо.

"Вай хIицнцалц санна ца дуьйцу лерина тIеман операции дIаяхьарх лаьцна. ТIеман министраллина юьту вай и бакъо. Дийнахь шозза брифингаш ю цигахь дIахьош. Цигара хаамаш лехьор хьоьху аса шуна", - цитата ялайо "Интерфаксо" Песковн дешнийн.

Хьалхо Кадыровс шен телеграмерчу каналехь видео арахийцира, цу тIехь цо тIелатаран операцина анонс йира, "Киев схьаяккхаран" планех лаьцна а дийцира, тактикан зарратан тохар дарца кхерам тесира Украинана.

  • Кадыровс, Песковс масийттаза вовшашкара бехкаш дехира. Украине оьрсийн чугIортар доладелчхьана цара вовшен ен Iиттарш алсамъевлира. Украинехь буьззинчу барамехь тийсадаларш доладаларна а, Оьрсийчоьнна дуьхьала яьхна санкциш бахьанехь а элитан вовшахъяларца доьзна хета иза политологашна.
  • Зазадокху-беттан 4-чуьра схьа дуьйна шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 26-зза дIахьедира, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полкан дакъоша а, Росгвардино а юкъаерзийна украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.
  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Шинне агIора дакъа лоцу нохчаша тIеман тийсдаларшкахь. Украина ларъеш ю Дудаев Джовхаран а, Шейх Мансуран а цIарах йолу батальонаш, иштта вовшахтухуш ю ВСУ-н Iуналлехь хир йолу кхин а цхьаъ шайн лаамехь тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG