ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Букъа тIе кхехка хи а детташ. Полисхошна ечу кхелера


Иллюстраци
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:52 0:00
Линкана тIе

Вольтская Татьяна

Полицино стагна тIехь Iазап даллор толлуш ю Питерера кхел. Новский кIоштарчу 70-чу полицин декъехь ялхаммо, букъ тIе кхехка хи а дуьттуш, дегIа тIе цигаьрка а Iуьттуш, хьийзийна шаьш букмекеран контора толлуш лаьцна вигинарг. И тайпа зуламаш наггахь бен ца кхочу Оьрсийчохь кхеле. Бакъду, хIара а дац "таIзар дар" цIе йолчуш толлуш - даржо лучу бакъонел совбовларна бехкебо талламо полисхой.

Кхеле ийзийнарш бу полицин декъан буьйранчин гIовс Морозов Артем, цуьнан бехлхан накъостий-эпсарш Барашков Андрей, Антоненко Михаил, Котенко Сергей, Ипатов Александр, Бородич Кирилл.

Царех цхьаболучара стохка бIаьста, цигаьркица мераIуьргаш ягош, букъа тIе кхехка хи дуьттуш, хьийзийна наркотикаш лелорах, къоланаш дарх шеко йолуш, лецна, полице балийна нах.

Эшам хиллачех цхьаъ ву букмекеран Greenbet фирма ларъеш хилла "Оьзда адамаш" фирмера хадархо. Фирмина тIелетта полисхой юьхьанца – касса яьстина, бохийна белхан гIирс, этIийна шайна цатайначу нехан документаш, хьийзийна шаьш схьалецнарш.

Ялх эпсарна талламо дуьхьалъяьхна "Белхан бакъонаш совъяхар", "Белхан бакъонех пайда а оьцуш зуламдар", "Доцург чIагIден кехаташ кечдар", "Талор", "Низамехь а доцуш наркотикаш долаерзор, долахь латтор", "Низамехь а доцуш герз доладаккхар, лелор" артиклаш.

Герасимов Дмитрий адвокат ву талоре ерзийначу букмекеран фирмин администраторан Абдулкамалов Замиран. Цунна диттина полисхоша букъ тIе кхехка хи, ша цадинарг дина алийта гIерташ.

- Шиъ хьийзийна цара. Цхьанна юридикан накъосталла деш ву со. Вукху шолгIачунна йогу цигарка Iиттина. Буьйса яккхийтина цаьрга оцу таIзара кIел. Кест-кеста хьийзабо полисхоша шаьш лецна буьгу нах, амма оцу кепехь къиза хьийзош суна дуьххьара го – кхехка хи тIедиттар, - элира Герасимовс.

- Муха чаккхе хир ю аьлла хета хьуна кхеле кхаьчначу оцу девнан?

– Соьга хаьттича, вуно дика болх бина талламо, тоьшаллаш дуьззина гулдина. 49 теш ву полисхоша динчун. Дов дахлур ду, гарехь, даре ца до полисхоша, конституцино лучу бакъонах пайдаоьцуш, ца дуьйцу талламчашка лелларг-хилларг. Гур ду-кх хIун хуьлу.

- Кест-кеста хеза полицехь, набахтешкахь, изоляторшкахь етта, лецнарш хьийзабо, олий, амма ца хеза Iазап латточу нахана кхел йина, олий. Муха хета хьуна, полицин 70-чу декъерчу белхахошна таIзар даро пайда бохьур буй?

- Полицин белхахошна иза масал хир ду, хаа ду царна - иштта болх бойла дац, бойтур а бац, ца гича санна дуьтур доцийла гойтур ду.

Идрисов Динар лоцуш ю полици
Идрисов Динар лоцуш ю полици

Петарбухарчу Бакъоларъяран кхеташонан белхахочунна Евдокимова Натальяна хетарехь, полицин 70-чу декъан белхахошна тIехь кхел йогIуш йо, амма цара нахана тIехь Iазап латторах "даржо лучу бакъонел совбовлар" аьлла, иза нийса дац.

- Халахеташ делахь а, низамо магадо ницкъхошна гIелоен гIирс балха тIехь лело. Лецначаьргахь полисхоша Iазап даллор гучудаьлча, "даржо магочул совбовлар" бохучу артиклна тIехьо: "Тхан бакъо ю и гIирс лело, амма мелла а тIехдевлла хилла", олу. Къиза хьийзарг сацош, шен са лардархьама, полисхочо лело тарло и гIирс, амма парггIат, аьлларг дерриг а кхочуш а деш, полице чувалийначу стагна еттар, иза хьийзор – со ца кхета цунах. Дуьненаюкъарчу низамаша доьхку лаьцначунна гIелояр, вайн пачхьалкхо а дина и низам къобал.

Петарбухарчу бакъоларъярхойн юкъараллийн Юристийн Клуберчу юриста Оленичев Максима мехала лору полисхой кхелеозор. Нахана йогIуш йоцу гIело яр полицехь нислуш зулам дуйла гойту йолаеллачу кхело, боху цо.

- Иза деккъа цхьа сурт бен а дац, ткъа ду шуьйрра лелачех. И кхел бахьана долуш, хьанна хаьа, полицехь лела къизалла юхайолий а. Доьхуш жоп ца хилча, даьржа зулам. ХIара дов масал хир ду полицин белхахошна.

Полисхошна тIехь кхел йолор нийса ду, аьлла хета Петарбухан Низамкхолларан Кхеташонан депутатна Вишневский Борисна а.

- Теша со, зуламхошна – Iазап латточарна, нах хьийзочарна – доггIу таIзар дийриг хиларх. Беламе ду нахана тIехь полисхоша латтийначу Iазапах "даржо еллачу бакъонел совбовлар" алар. Дерг кхин ду, Оьрсийчоьно къобалдо ницкъ цабаран дуьненаюкъара конвенцеш – кхочуш дан деза-кх цара хьоьхург. Полицехь еттий вайна массарна а хаьа, амма кхеле ца долу и зулам. Дехка деза стагера дареш дохуш етта магор. Етташ даьхна тоьшаллаш тIеэца а ца деза кхелаша. ТIаккха дIаер ю садизм, - боху Вишневскийс.

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG