ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петербургерчу экономикан форумехь дакъалацархьама пхи миллион сом лур ду нохчийн хьаькамаша


Ленэкспо, гайтаман сурт
Ленэкспо, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима куьйгъяздина 5,3 миллион сом дIакхачон Петербургехь дIахьочу юбилейн XXV-чу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь дакъалацархьама. Цигахь дакъалацарх делла ахча ду иза. Иштта бюджетан чоьтера ахча хьажор ду махкарчу хьакамашна кеманца дIасабаха а, вип-отелашкахь дIатарбала а,яздо Кавказ.Реалиино.

Исс лаккхара даржхо – премьер-министран ши гIовс, кхо министр, цхьа министран гIовс, Хучиевн гIоьнча Дакаев Рустам а, "Чеченнефтехимпром» компанин директор Хизриев Хасмохьмад а юкъахь волчу делегацин куьйгалхо ша хIоттийна Хучиевс.

Мангал-беттан 15-18-чохь хир йолуш ю юбилейн форум, иза лерина ю глобалан а, Оьрсийчоьнан а экономикана а, технологеш кхиорна а, социалан проблемашна а. Санкцеш тоьхначу юкъанна цхьаболчу декъашхоша дехар дина «Росконгрессе», шайн бейджаш тIехь белхан меттиг билгал ма яккха аьлла, компанийн аьтто хир бу шаьш форумехь дакъалацар къайладахьа.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша стохка яздира, Петербургера экономикан форумехь дакъалаца ахча ца тоьира декъашхошна а, спикершна а аьлла.

Жима а, юккъера а бизнес дуьхьал хилира оцу бараме кхача, чубоьлху билетийн мах тIех лакхара хиларна. 2019-чу шерца дуьстича, мах бистинера шозза: «стандарт» пакетах доьху 840 эзар сом., ткъа ган а гуш, президентан къамеле ладогIа таро лучу «премиумах» - 960 эзар. Мах бала бийзира организаторша кхайкхина балийначу экспертийн а цхьана.

2015-чу шарахь дакъалецира Кадыров Рамзана ПМЭФ-хь. 2016-чу шарахь декъашхойн могIарехь дIакхайкхийна вара иза, амма ца веара къилбаседан шахьара, цул тIаьхьа а ца веара форуман майданашка.

2019 –чу шарахь цо дIахьедира, журналистана Голунов Иванна дуьхьал фальсификацин бехктакхаман гIуллакхна гонах иккхина скандал естийна ю, ПМЭФ-2019 форуман жамIаш дIадайархьама а, "Оьрсийчоьнан исбаьхьа жамIаш Оьрсийчоьнан юкъараллина гергахь лахдан, пачхьалкха дIахерйинарг санна гайтархьама" аьлла.

  • Нохчийчоь, кхинйолу Къилбаседа Кавказан республикаш а санна, гуттар санна тIаьхьа юьсуш ю инвестици ян пайден йолчу регионийн рейтингехь. Масала, 2021-чу шарахь коьртачу капитале инвестици ян мехкан цхьана вахархочунна оьшура 55,6 эзар сом. Дустуш аьлча – Дагестанехь и гайтам бу 79,7 эзар, Краснодар-махкхаь – 95 эзар, Кхарачой-Чергазийчохь – 60 эзар, Ставрополан кIоштахь – 91 эзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG