ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петрозаводскан мэр "Ахмат" тобанан декъехь Украине ваха кийча ву


Любарский Владимир
Любарский Владимир

55 шо долчу Петрозаводскан мэро Любарский Владимира ша "Ахмат" тобанан "йолахчун" кепехь Украинерчу тIаме ваха кийча хиларах дIахьедийна. Цига вахархаьма, цо Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" кечам бина – нийсса йалх дийнахь.

Беккъа цхьа тIаме кхайкхинчаьрца "дерриге гIуллакхаш" чекхдахалур дац, цундела ша тIаме воьду, аьлла дIахьедира Любарскис. Цуьнан лаам къобалбира Карелин куьйгалхочо Парфенчиков Артура - мэро шен белхан дарж дуьтуш дац, болх шен гIоьнче дIалуш бу. Цуьнан цхьана ханна дIавахар кехаташкахь муха нисдийр ду, цкъачунна дуьйцуш дац.

Лакхарчу рогIехь аьрру агIора схьа воьалгӀа лаьтташ ву Любарский Владимир. Гуьмсехь тIамна бина кечам чекхбаьлча даьккхина сурт ду Любарскийн "ВКонтактерчу" официалерчу агIонера схьаэцна.
Лакхарчу рогIехь аьрру агIора схьа воьалгӀа лаьтташ ву Любарский Владимир. Гуьмсехь тIамна бина кечам чекхбаьлча даьккхина сурт ду Любарскийн "ВКонтактерчу" официалерчу агIонера схьаэцна.

Хууш ду, Любарскис шен гоовзалла хьалайоккху кечамаш Гуьмсехь бинийла, мангал-беттан 12-17 шу деношкахь. Шен белхан декхарш гIоьнче дIадалархьама, Петрозаводске ваха дагахь ву иза. Цул тIаьхьа Нохчийчу йухаверза лууш ву, "Ахматан" лаамхочо санна кхин дIа а деша. Иза билггал маца хир ду, хууш дац.

Любарский Владимир - полицин майор. Низам лардаран хьукматашкахь 14 шарахь болх бина цо. Цул тIаьхьа иза кхаа шарна наркотикашна тIехь контроль латточу федералан сервисе дехьавелира, кхин а бархI шарчохь кхелан приставан даржехь лаьттира. Карелин куьйгалхочун йуккъерчу политикехь гIоьнчин даржехь лийлира Любарский. Петрозаводскан мэр иза хIоттийра 2021-чу шарахь.

  • Мангал-беттан 7-хь Краснодар гIалин думерчу вице-спикера Уфимцев Геннадийс дIахьедира, ша лаамечаьрца цхьаьна Украинерчу тIаме ваха кийча хиларах. Белгородан, Краснодаран мехкашна динчу тIелатарша байтина шега и сацам олуш. Шен дарж гуттаренна дита дагахь вац иза - Галушкоца цхьаьна цара дийцаре дийр ду, хьаькамо депутатан дарж а, тIеман декхарш а цхьаьна муха нисдийр ду.
  • ДIадаханчу шеран гIуран-баттахь Ростов-мехкан низамаш даларан гуламан депутат Гелас Максим Украинина дуьхьалчу тIамера ши бутт, ахбутт баьлча цIаверзийра. Цунна бахьана хIоттийра иза масех беран да хилар. Гелас даржехь хьалаваьккхира, "гражданкехь" болх бан витира.
  • Цу хеннахь депутато шен белхан накъостана депутатна Оськина Наталина арздира, цо эскар "йемалдо" аьлла. Вукхо шен йозанашна комментари йича. Волгодонскан оьрсийн элп латинхойн "V" элпаца хийцара "совдерг" ду аларца.
  • Зазадоккху-баттахь Ростоверчу №28 йолчу доьшийлехь Гелас схьайиллира “ турпалхойн парта”. Иза йара цунна шенна лерина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG