Дагестан боху дош хезча, нехан баьргашна хьалха тIеман тийсадаларш а, тIемалой а хIуьтту. Амма цу республикера цхьа жима стаг къахьоьгуш ву шен лаьмнийн Даймахках йолчу нехан ойла хийца. Цхьана фотокамерах а, суьрташ даха инзаре похьмаллах а пайдаоьцуш, Шапиев Мохьмадан дикка кайолу вон цIе йоккхучу регионан васт хийца. Иза а, цуьнан суьрташ а дика девза инстаграмехь.
Дагестанерчу Iаламан исбаьхьалла суьрташкахь
5
Даханчу шерашкахь къоначу фотографана коьрта кхерам цхьанна а дага а догIур доцучуьра бара. "Лаьмнашкахь терроризмана дуьхьал дIахьош дукха операцеш яра, " боху цо. Муьлххачу а жимачу стагана герз тухура лаьмнашкарчу Оьрсийчоьнан леринчу ницкъаша.
6
Шапиев шен доттагIчуьнца белхан гIуллакхна лаьмнашкахь. 24 шо долу фотограф балха дIаэцнера Дагестанерчу президентан хьукмато. Амма иза балхара дIавелира, алсам хан аренашкахь шен экспедицешкахь яккхархьама.
7
Чиракъ--Чай хина тIехула кхозу мархаш. Шапиевс дийцарехь, цо хIинца фрилансер фотографан а, "тайп-тайпа кхин белхаш" а до хене валархьама. Фотограф санна карьера ян сатийсам болчу цуьнан дукха хан йоцуш дуьхьара контракт хилла оьрсийн маттахь арадолчу "National Geographic" журналца.
8
Керла диллина лайна чимаш баганна тIехь. Шапиевс шен RFE/RL-ца хиллачу телефонан къамелехь дийцира шен кху кепара Iаламан хотIана суьрташ дахаран безаман бахьана: "Со лаьмнашкахь кхиина," дуьйцу цо, "бераллехь цхьанхьа кхарста вахча, ас сайна гинчунна сурт дуьллура."
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832