Дагестан боху дош хезча, нехан баьргашна хьалха тIеман тийсадаларш а, тIемалой а хIуьтту. Амма цу республикера цхьа жима стаг къахьоьгуш ву шен лаьмнийн Даймахках йолчу нехан ойла хийца. Цхьана фотокамерах а, суьрташ даха инзаре похьмаллах а пайдаоьцуш, Шапиев Мохьмадан дикка кайолу вон цIе йоккхучу регионан васт хийца. Иза а, цуьнан суьрташ а дика девза инстаграмехь.
Дагестанерчу Iаламан исбаьхьалла суьрташкахь

1
Гуьржийчоьнан дозанна уллора Дагестанера Талсух юрт. Лаьмнашка доттагIашца вахча доху Шапиевс суьрташ.

2
Гунибера Салта юьрта гергга гIорийн чухчари. 24 шо долчу фотографо экспедицешка леларх иштта элира RFE/RL-е: "Оха Iаламан аренашкахь масех де доккху. Цкъацкъа пхи де доккхуш нисло."

3
БIаьстенан заза а, кортошкахь ло Iуьллу исбаьхьа лаьмнаш а Дагестанерчу Шемалан кIоштахь. Шапиево даре до, Дагестан кхо, диъ шо хьалха яра чIогIа кхераме меттиг Исламистийн гIаттам бахьанехь, амма хIинца иза дуккха а маьршах ю.

4
Кху Iай Шапиевс Бермамытан платохь йолчу чIожана сурт даьккхира. 2016-чу шарахь Дагестанехь экстремисташ де тIелатарийн терахь алсамдаьллера, ткъа тахана цигара хьал дуккха а маьрша ду. Делахь а, Шапиевс ларвалархьама Iедалшна хоуьйту ша воьду меттиг.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832