Луьра тIемаш Шемахь. Протесташ Грецехь, Испанехь, Гуьржийчохь. Оьрсийчохь - флеш-мобаш. Iалам бехдо Беларусехь.
КIиран сурташ -- Гезгмашин-бутт 22-28
1
Шемарчу гIаттамхочо шен долара герз детта Алеппохь эскаршца иккхинчу тIематасадаларехь, 27Гез12. (REUTERS / Карам Заин)
2
Шемара гIаттамхой маьршша лела Iедалан танканаша кхуьйсучу хIоьънаш кIел, Аллепон ал-Аргиб-кIошт, 26Гез12. (AFP / Бейли Зак)
3
Нах лелочу кеманах, иза гIишлонна тIекхетча, яьлла цIе дIаяйъа гIерта белхахой Катманду-гIалахь, Непалехь, 28Гез12. (REUTERS)
4
Оьрсийн эскаре мехах гIуллакх дан яха лаам болу зуда-кандидат зуьйш ву эпсар, Ставропол, 25Гез12. (REUTERS / Корниенко Эдуард)