ОвхIанехь гуламаш лаьтта НАТО-н эскархоша Къоран дагор емалдеш. Шемахь кхуьуш ду бохамийн терахь. Iедална резабоцчийн го шорлуш бу оьрсийчохь, оцу хьолехь тIекхочуш бу президентан харжамаш. ГIажарийчу гIерта тIом. Иштта бара дахначу кIиран коьрта хиламаш. Суьрташа тоьшалла до...
КIиран Васт Суьрташкахь, Чиллан бутт, 18-26
5
ГIиргIазойчоь --Манас-аэропорте схьакхаьчна Дева Мариян икона килсе дIахьош бу меттигера оьрсийн мозгIарш, 22Чил12. (AFP PHOTO/VYACHESLAV OSELEDKO)
6
ОвхIан --Къоран дагор емал дечу Гератерчу гуламерчу наха маьхьарий деттара шаьш Цхьанатоьхначу Штаташна резадоцийла хоуьйтуш, 23Чил12 (AFP/Aref Karimi)
7
ОвхIан --Кабулерчу Дуьненаюкъарчу эскаран декъан кевна берттехь лаьттачу гуламо хоуьйту нах эскархоша Къоран дагорна резабоцийла, 22Чил12. (AFP/SHAH Marai)
8
Пакистан -- Пешаварна гена доццуш машен эккхийтича шен ваша вер Iеткъа пакистанхочунна, 23Чил12. (AFP/A.MAJEED)