ОвхIанехь гуламаш лаьтта НАТО-н эскархоша Къоран дагор емалдеш. Шемахь кхуьуш ду бохамийн терахь. Iедална резабоцчийн го шорлуш бу оьрсийчохь, оцу хьолехь тIекхочуш бу президентан харжамаш. ГIажарийчу гIерта тIом. Иштта бара дахначу кIиран коьрта хиламаш. Суьрташа тоьшалла до...
КIиран Васт Суьрташкахь, Чиллан бутт, 18-26
9
ГIажарийчоь --ТехIеранан университетна хьалхахь парламентан харжамийн кхайкхаман кехатех урам цIандеш ву белхахло, 24Чил12. (Автор вевзаш вац)
10
Иракъ --Миссайаберчу школана уллохь динчу эккийтаро лазийча, дарбан цIийне дехкинчуьра арадевлла бераш, 23Чил12. (REUTERS/Mushtaq Muhammed)
11
ОвхIан --Къоран дагор емал дечу нехан Кабулера гулам дIасабоккхуш шен белхахн коьчалх пайдаоьцу полисхоша, 24Чил12. (Автор вевзаш вац)
12
Мисара --КIахIирерчу полицин академе леван кхачор волчу президентан Мубарак ХIоснин агIо лоцуш гулбелла нах, 22Чил12. (REUTERS/Amr Abdallah Dalsh)