Яхначу буса пхи стаг лаьцна ПIаьнгазан чIожерчу шина эвлахь дIаяьхьначу спецоперацешкахь. Кхоъ лаьцна Коретехь, шиъ каравеана Дуисихь, хаам бина "Эхо Кавказа" сайто.
Лецначийн гергарчара бахарехь, церан хIусамех хьийсина бац, кегийрхойн мобилан телефонаш дIаяхьар доцург.
Хьалххе йовзийтинчу информацица, таллам болийна Зуламан кодексан 327-чу артиклехь, цо тIедожадо жоьпалла террорхойн организацехь дакъалацарна, террорхойн организаци кхолларна, я цуьнан урхалла дарна.
Гуьржийн къайлахчу сервисаша тIечIагIдина спецопераци дIаяхьар, амма дIахьедина, официалехь информаци тIаьхьо яржор ю шаьш аьлла, яздо Хьалхарчу канало.