ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Питана а, культ а: Кадыров Ахьмадана хIиттийначу хIолламашца къийсам


Кадыров Ахьмадан а, Кадыров Рамзанан а суьрташ ду Соьлжа-ГIалин йуккъхь хIоттийначу митингехь болчу нехан карахь, 2016 шо дечкен-ьеттан 22-гIа де
Кадыров Ахьмадан а, Кадыров Рамзанан а суьрташ ду Соьлжа-ГIалин йуккъхь хIоттийначу митингехь болчу нехан карахь, 2016 шо дечкен-ьеттан 22-гIа де

Краснодарехь лаьцна 19 шо долу Кудряшов Дмитрий – "Оьрсийн Оьрсийчоь" националистийн проект кхоьллинарг ву иза. Москвара Къилба Бутово олучу меттигехь Кадыров Ахьмадана хIоттийначу хIолламна улло хьакхин корта билларна бехкево иза. ХIара дуьххьара хилла хIума дац, махкал арахьа Оьрсийчоьнехьа хиллачу Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан хIолламаш сийсазбеш. Инциденташ ультрааьтту агIор болчийн акцишца а, иштта Кадыров Ахьмадан культ йаржорна дуьхьал хиларца а йоьзна йу, элира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Талламан версица, гIадужу-беттан 9-чохь Кудряшовс а, цуьнан доттагI йолчу йоIа а хьакхин корта а, жижиг а диллинера хIолламна улло. ДIахьедарца, Москвахь керла маьждиг дайта шаьш дуьхьла хилар дIахоуьйтуш дина хIума хиллера и. Полицино лецира националистаца хилла йоI, ткъа иза къайлаваьллера, медиашкахь йаздарехь, пачхьалкхера дIаваха дагахь а хиллера иза, амма лецира Краснодарехь. Иза бехкево вандализм лелорна, талламан изолятор чохь латтош ву цкъачунна.

"Оьрсийн Оьрсийчоь" – телеграм-канал йу ультрааьтту националистийн кхетам болуш, цу тIехь гучуйоху динчу тIелетарех видеош. Доккхачу декъана, трансгендеран адамашна гIо дечу "Центр Т" организацин векалшна дийраш. ХIетахь полици дуьхьал хилира тIелеттачарна дуьхьал гIуллакх доло, волайнхоша уьш лаьцначул тIаьхьа а цхьаьна¸ йаздира "Антифа" телеграм-канало.

"Оьрсийн Оьрсийчоьнан" агIончаша дIахьедора КхоалгIачу рейхан идейш йу шаьш лелош бохуш, шайца антисемитизм йолуш, "оьрсийн Кремлера оккупанташна" критика йеш, иштта либералашна а, чIогIа ца беза царна политикан оппоненташ а. Цара кхайкхамаш бо, миграцин политика чIагIйе, ЛГБТК-нахаца къийсам латтабе бохуш.

Кадыров ца веза тарло, амма оцу кепара маьждиг дарна дуьхьало йар - цунна лерина йара акци – магийта йиш йац

ХIолламна улло хьакхин корта биллар – националистийн акци йу, ма-дарра аьлча, цхьана а агIор йоьзна йац иза Кадыров Ахьмадан культ йаржорца, комментарий йо адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центран куьйгалхойх волчу Орлов Олега.

"Гуш ду, бусалбанаш а, нохчий а, иштта Кадыровн культ негативе тIеоьцурш а, дукха хан йоццуш хиллачуьнца цуьнан дакъалацар а сийсаздан Iалашонца дина хIума ду и. Муьлххачу а бусулба стагана новкъадогIур ду и. Ма везахьа Кадыров, амма оцу кепара маьждиг дайта дуьхьало йар – акци цунна хьажийна йара – магийта йиш йац", - билгалдоккху къамелдечо.

Орловс бахарехь, "Оьрсийн Оьрсийчоь" – националистийн тоба йу. Цуьнан хьесапашца, хьакхин коьртаца хилла инцидент питанца лелош йу Кадыровн культана дуьхьал, маьждигаш дарна дуьхьал, къаьмнашна а, динашна а йукъара амал йеш цунах.

"ХIаъ, билгале дакъа лаьцна кхузахь фамили медиашкахь йевзаш хиларо а. Дендолчу маьждигна улло и хьакхин корта биллинехь, цуьнан тидам ца бан а мегара. Ткъа Кадыровн хIолламца йоьзначу акцина тIехбевр бац йа Iедалхой а, йа зорбанаш а, цо скандал гIаттайо - оцу тобана оьшург и ду", - дерзийра бакъоларйархочо.

Петербургера Жима Саране кхаччалц

Мемориалашца а, кхечу гIишлошца а доьзна хIара дуьххьара скандале гIуллакх дац Нохчийчуьра куьйгалхочун дена лерина. Масала, марсхьокху-беттан йуьххьехь муьлш бу цахуучу наха бохийра Кадыров Ахьмадана казахийн Малая Сарань – Кадыров Рамзанан да вина меттиг йу и- олучу эвлахь хIоттийна мемориал. "Йамартхо" аьлла, йаздинера цу тIехь. Цуьнан доьзал, массо а нохчий а санна, Казахстане хьажийнера Сталинан депортацин заманахь.

Оппозицин 1АДАТ телеграм-канало тIелатаран ши видео зорбане хIоттийра: буьйсанна йаьккхинчу видео тIехь дикка къаьсташ гойту тIулгийн хIоллам, цул тIаьхьа царех цхьаммо кувалда туху цу тIе.

"Халкъ дезар, Делах кхерар" аьлла цитата а, мраморан чурт а дуьйгIира Малая Сарань эвлахь 2012-чу шеран марсхьокху-баттахь. Оцу принципца, хIолламан авторна Такиров Жаикана хетарехь, ваьхна Кадыров Ахьмад.

Массарна а хезаш оцу инцидентах лаьцна Кадыров Рамзана дош ца элира, Нохчийчоьнан урхалхочун информацин хьукматехь журналисташна хьийзош жоп делира цунах лаьцна шайга хаьттича, "нагахь санна, нахала йаьлла информаци и йелахь, мехкан куьйгалхочунна хууш хир ду" аьлла. Цул а кIезиг долчух лаьцна а комментареш йеш хиллачу Нохчийчоьнан гонерчу наха а, иштта тесна йитира инцидент. Ши бутт бу политико а, цуьнан гоно а Къилба Бутовехь хиллачух лаьцна комментарий ца йен а.

2016-чу шарахь Петербурган губернаторо Полтавченко Георгийс Дудергофан каналана тIехула тиллинчу тIайн цIе Кадыровн Ахьмадан цIарца хийца алар а скандале дирзира. И Iалашо сацорхьама, "Яблоко" партино гIалин референдум кхайкхийра, ткъа Петербургера топономин комиссин веа декъашхочо шаьш цу йукъара арадовлу элира, протест йеш. ХIетахь цхьа эзар ах эзар адам арадаьлла дIайаьхьначу митингехь цIе хийцарна дуьхьал ду шаьш элира оппозицн политико Яшин Ильяс а, "Йиллина Оьрсийчоь" партин координаторо Пивоваров Андрейс а, Питерера низамаш дохучу гуламан депутаташа Галкина Ольгас а, Резник Максима а, кхинболчара а.

Цхьана агIор, и динчарна пиар йан ца лаьа цунна, вукху агIор – жигара уьш лоьхуш ву иза

"Йиллина Оьрсийчоь" партино хIетахь акци дIайаьхьира "Жоьжахател а алсам" цIарца, цигахь хьийхира гIалин коьрта магистраль Кадыров Рамзанан цIарах хилийта, ткъа Фонтанка хих – Терек хи ала аьлла. Дуьхьалонаш йечу йукъанна тIайна уллохь граффити хIоттийра полковникан Буданов Юрийн портретаца, цул а хьалха колонихь даккха итт шо тоьхнера цунна нохчийн йоI йерна. 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь оццу тIайтIехь граффити йира президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, ЧВК "Вагнеран" долахочун Пригожин Евгенийн а суьрташ дохкуш.

Къилба Бутовехь хIолламца хиллачу инцидентах а, Казахстанехь мемориал сийсазйаръ а лаьцна Кадыров Рамзана дош ца аларан ши бахьана ду, боху Оьрсийчоьнан политолого Преображенский Ивана.

"Цхьана агIор, пиар йан ца лаьа цунна, и хIума динчунна, вукху агIор – жигара и нах лоьхуш ву иза. Уьш кара а баьхкина, царна бекхам баллалц тапъаьлла Iийр ву иза. Цул тIаьхьа дIакхайкхор ду цо цунах лаьцна. Билггал иза сийсазвеш дина хIума и хиларе терра, тарло "чIир йекхаран" гIуллакх и хила а",- аьлла хета къамелдечунна.

Дола хета тарло Кадыровна, оцу кепара инциденташна комментареш йар, уьш цуьнан ден иэсах хьакхалуш йелахь а, кхин дIа дуьйцура Преображенскийс: "Нагахь санна, кадыровхойн бехкечарна таIзар дан аьтто балахь, цуьнан гонерчу цхьаммо цунах лаьцна дIахоуьйтур ду".

Хьанна оьшуш ду вазвалар?

Кадыров Ахьмадан культ - нохчийн Iедалшна кхоьсина хуьсиг йу, боху Санкт-Петербургера йукъараллин "Маяк" боламан векало Хейкинен Дарьяс. 2022-чу шарахь куьйгаш гулдеш йара иза, Нохчийчуьра куьйгалхо дIаваккха лууучийн. Цо бахарехь, Кремльна чIогIа коьрта ду регионехь тийналла латтор, амма Кадыров Рамзанан импульсиве лелар бахьана долуш тIаьхь-тIаьхьа гуттар а хала ду тийналла латто.

Кадыровн а, президентан администрацин а йукъаметтигаш чолхе а, даим а тIехь болх беш латтон йезаш а йу бохура къамелдечо. Йуьйцурш федералан бюджетера миллиардашкахь йолу дотацеш хилла ца Iа, цуьнан ден иэс латтор а ду.

Оьрсийчоьнехьа ваьлла иза бохуш, Оьрсийчоьнан бахархойн кхетамехь и дисийта хьийза Кремль

Кадыров Ахьмад вазвар а, Нохчийчохь йаржийна ца Iаш, кхечу регионашкхаь а цуьнан культ йаржор – таханалерачу Оьрсийчоьнан Iедалан уггар а принципиале йолу месседж йу, дуьйцу нохчийн йукъаралхочо, къобалйазчу Ичкерин сийлахь консуло Албаков Шемала.

"Иза Оьрсийчоьнехьа ваьлла, иштта халкъ хIаллакдечуьра цо кIелхьарадаьккхина бохуш, "турпалалла" Оьрсийчоьнан бахархойн кхетамехь и дисийта хьийза Кремль. Цундела Кадыров Ахьмадан цIарах урамашна цIераш тохку, цуьнан сий деш мемориалан аннаш доьллу, хIолламаш хIиттабо, хIора дийнахь Оьрсийчоьнан гIалийн урамашкахь иза хилийта, хила деза дакъа санна и тIеэцийта. Цхьа иштта шатайпа "Оьрсийчоьнан турпалхо ву-кх нохчех схьаваьлла", - элира цо.

  • Куьйгалхо а, цуьнан доьзал а "Дала хаьржина хиларах" ойла Нохчийчоьнан куьйгаллина шен легитимизацин, кхерамзаллин дуьхьа оьшу, бохуш, массийттуза дIахьедира нохчийн оппозицхойн Niyso телеграм-канало. Цуьнан авторша сих-сиха зорбанедоху воккхахаволу Кадыров "вазваран" масаллаш.
  • Кадыров Ахьмадан цIе тиллина республикерчу 300 сов урамна, Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна а, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG