ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Питана лелорна бехкейина Нохчийчохь Первый каналан журналист – Кадыровн накъостан кIант хийцарх дийцинера цо


Саидов (Гриценко) Адам, аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан Саидов Мурадан кIант
Саидов (Гриценко) Адам, аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан Саидов Мурадан кIант

Нохчийчоьнан хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада питана лелорна а, ерриг республикан авторитет талхорна а бехкейина "Первый каналан" журналист Куксенкова Ирина: "Тайра" шех олуш йолу украинхойн парамедик Паевская Юлия аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан Саидов Мурадан 20 шо долчу кIантаца Саидов (Гриценко) Адамца хийцина хиларх хьалхо хаам бинера цо. "Тамашена, цIена йоцу схема" ю аьлла журналисто и хийцар.

Дудаевс шега телефон тохарх Куксенковас шен телеграмерчу агIонехь дийцина. Цо бахарехь, министро чIагIдо, йа Саидов, йа Кадыровн ГIирмера векал Хачукаев Iийса Паевская хийцарца воьзна вац. Куксенкован хаамашца, билггал цара кхочушдина и хийцар, цуьнан жамIехь Саидов Адам кIелхьара воккхург, дийцарехь, 25 миллион сом кховдийна.

"Иза къаьмнех лаьцна истории яц, курхаллах лаьцна ю… Соьца ткъа шарахь болх беш йолу хьостанаш шайчун тIера довлуш дац, цара чIагIдо, Гриценко Адаман хаттар листинарг Украинан талларан Коьртачу урхаллин полковник Усов Дмитрий хилла, дийцарехь, Тайра Украинехь нисъелча, цо арахецна Гриценко Запорожьехь лаьцначура…", - яздо Паевскаяс.

Де хьалха сарахь шен кIант хийцарх лаьцна хаамаш харц бира ша Саидовс а. Цо дIахьедира, Гриценко Адам "Украинехь вина а, кхиъна а ву, Украинан вахархо ву, хIинца а йийсаре лаьцна а ву". Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь яздина, "украинхойн нацисташ" хийцар – иза шен болх бац. Оьрсийчоьнан эскарх лаьцна бакъдоцу хаамаш даржорна тIехула йолчу артиклаца бехктакхаман гIуллакхца кхерамаш тесна цо хийцарх лаьцна дуьйцучу журналисташна.

Делахь а, Саидов (Гриценко) Адам лелла долчу Запорожье гIалан Исламан культуран центран маьждиге лелаш волчо дийцина Кавказ.Реалиига, Кадыровн ГIирмерчу векалан кIатаца Паевская хийцина, аьлла.

"ХIаъ, тхуна хаьа парамедик Адамца хийцина хилар", - аьлла украинхошкхьа йолу бусулбачу нехан УММА Синан урхаллица йоьзна йолчу Запорожьен юкъараллехь.

Паевская хийцаран латтамаш хоьттуш Кавказ.Реалии комментарий еха гIиртира СБУ-н пресс-секретаре Дяхтеренко Артеме, амма цо телефон хьала ца ийцира. Редакцино яздина кехат дахьийтина СБУ-н куьйгалхочуьнга Баканов Иване, хIара хаам арахоьцучу юкъанна жоп ца кхаьчна.

Дагадоьуьйту, Суидов Мурада хаам бинера шен кIант украинхойн эскарша лачкъийна, бохуш. Бутт баьлча украинхойн журналистана Золкин Владимирна еллачу интервьюхь харцдира цо и дIахьедар. Украинхойн ницкъахоша ша баккъала дIалаьцнера, "кхерамзечу меттиге дIавигира" тIаккха. Саидовн кIанта дIахьедира, кадыровхошкара баккъала а кхерам лаьттара шегахь – царна пропагандехь пайда эца лерина "сакралан ижу" хиларх кхоьрура иза.

Ца дийцина, билггала мичахь вара Саидов (Гриценко) Адам, цо лечкъина мел хан яьккхина а. Кадыровхой "тилла лела" нах бу элира цо интервьюхь, иштта кхайкхам бира нохчашка, Украинерчу тIамехь дакъа ма лаца, аьлла. И интервью еллачул тIаьхьа шина баттахь иза волу меттигах а, цуьнан хьолах а хIумма хууш дацара.

  • Украинхойн парамедик Паевская Юлия а, цуьнан машен лелориг а Зазадоккху-беттан 15-хь Мангуш эвлахь йолчу блокпостехь дIалецира, Мариуполан 15 километр генахь ю иза. ТIаьххьарчу бархI шарахь Паевскаяс дуьххьара лоьрийн гIо латтадора Донбассерчу эскархошна а, маьршачу наханна а, иштта уьш дарбан цIийне дIа а хьовсабора. Бутт сов хан яьккхира цо йийсарехь, оцу хенахь и йолу меттигах, цуьнан хьолах лаьцна хIумма ца хаьара цуьнан гергарчу наханна.
  • Паевская Украине юхаерзарх хаам бира Украинан президента Зеленский Владимира Мангал-беттан 17-хь, цул совнах кхин хIумма а ца дийцира цо. ШолгIачу дийнахь парамедико видеокхайкхам дIабазбира, хийцар кхочуш дарна Зеленскийна баркал а олуш.
  • Аннекси йинчу ГIирмехь 2019-чу шарахь лецира Саидов Мурад, нуьцкъала ахчанаш дахарна бехкевина. Саки гIаларчу ресторанехь лецира иза, цу чохь леташ нах бу аьлла, цхьаммо полици анониман хаам бинчул тIаьхьа. Зорбанехь хаамбарехь, кхайкхина баьхкинчу ницкъахошна карийра, нохчийн бизнесхочунна Алиев ИбрахIимна йетташ болу герзашца нах. Радиостанцин хьастийн хаамашца, дов даларан бахьана хиллера бизнесан дакъа шега схьало аьлла, Саидовн тIедожорна Алиевс дуьхьалояр. Иштта, публикацехь яздарехь, лаьцначаьргара даьккхинера герз а, патармаш а. ДIасавалар а доьхкуш, Охан-баттахь арахийцира СИЗО-ра Саидов.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG