ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пондаран аз"– заманна хIоттийна хIоллам


"Даймохк битар", Юшаев Султана диллина сурт

1956 шо. 13-гIа шо ду нохчий Сибрех бахийтина. Сталин велла а даьлла 3 шо. Амма махкахдаьхна Юккъерчу Азехь а, Казахстанехь а хан токхучу къаьмнийн векалшна шайн дог дохийла ю аьлла а ца хета даймахка цIадоьрзур ду-кх шаьш аьлла. Делахь а, хийцамаш хиларан тоьшалла а хилла дIахIутту нохчий бохийначул тIаьхьа дуьххьара Казахстанан коьртачу гIалан Алма-Атан радиочухула хазийтина нохчийн а, гIалгIайн а мукъамийн историн концерт. И концерт кехат пондарца мукъам балош дIайолайо нохчийн халкъан артиста Димаев Iумара.

Кхин а 32 шо даьлча Нохч-ГIалгIайн автономин республикехь (ЧИАССР) Димаев Iумар вина 80 кхачар даздан кечлуш (велла 1972-чу шарахь)нохчийн гоьваллачу поэта Рашидов Шаида язъйо "Пондаран аз" цIе йолу байт.

Поэт Рашидов Шаид
Поэт Рашидов Шаид

Рашидов Шаид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгел-эвлахь. Дуьххьара нохчийн маттахь ша язйина байт гайтина цо Мамакаев Мохьмадана. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане яьлла 1958-чу шарахь. Велла Дечкен-беттан 13-хь, 2020-чу шарахь.

Кхин а масех де далале композитор а, байтанча а, илланчо а волчу Димаев Iумаран кIанта Димаев Iелас кхуллу, ерриг а оцу ханна хIоллам а хилла дIахIоьттина ала мегар долу, "Пондарна аз" цIе йолу илли.

Рашидов, Шаид, "Пондаран Аз"
(Димаев Iумаран сийнна)
Дара и юккъерачу Азехь,
Хезча хьан пондаран аз.
Бацара вайнах вон ганза,
Массарций йоллура вас.
Мукъамаш хаза йиш йоцуш,
Яьккхира кхойтта шо хан.
ЦIеххьана баланаш отуш,
Билхира и пондар хьан.
Билхира сий айдеш халкъан,
Дайн лаьмнех, аренех, хих.
ЗIаьнарш тIеIенаеш маьлхан,
Ойланаш яхарца ирх.
Вилхира пондар мел хезнарг,
Нисбина сеттина букъ.
ГIаьттира массо са лезнарг,
Яьстина йихкина юкъ.
Бохура вовшашка кхаьънаш,
Мел доккха де дара и!
Дирзира даг чуьра даьIнаш,
Севцира ихна бIаьрхиш.
Моьттура дерриге Iалам
Доьлуш ду хилларг схьагуш.
Бегира боьссина бала,
Нахана паргIато луш.
Дара и-м юккъерачу Азехь,
Мел дайнарш ца дуьйцу ас.
Тахана, тхоьца хьо вацахь,
Дека хьан пондаран аз.

Дагалоьцу Димаев Iелас:

- Дадин 80 кхачарна хьажийна хилла суьйре йицлур йоцуш яра. Дада вевзаш хилла а, ца хилла а дукха нах баьхкинера цига, генара хьеший цхьаьна. Царна юкъахь вара вуно доккха похIма долу вевзаш волу нохчийн поэт Рашидов Шаид. Дадин кхоларалла дукха езаш а, евзаш а вара иза. Цундела и суьйре тIекхочууш догъиркарахӀоьттинчу цо язйинера "Пондаран аз" цIе йолу байт. Сцени тIера цо иза дIаешча вуно чIогIа дагах кхийтира суна цуьнан чулацам.

Димаев Iела, шен ден бюстана уллехь
Димаев Iела, шен ден бюстана уллехь

Дукха хан ялале ас мукъам язбира Рашидов дешнашна. И композици сихха тхайн "Зама" тобанан программина юкъатуьйхира оха. Оцу хенахь дуьйна цхьа а концерт ца яьлла ас айса а, "Зама" тобано цхьаьна а илли ца олуш.

- Iела, Рашидов Шаид а хIинца воцуш ву. Цо дийцирий хьоьга ша и байт язъярх лаьцна, шен цу хенахь хиллачу ойланех лаьцна?

- Вайн а, кхидолу а цхьамогIа къаьмнаш махкахдахарца йоьзна тема баш хьехо лууш дацара цу хенахь долу Iедалш. Делахь а и бала бехаш бара хIора а депортацин хан Iаьвшинчу стагехь а, доьзалехь а. Цундела, суна хетарехь, зорбане йохуш ца хиллехь а, нохчийн поэтийн кхоллараллехь оцу заманна хьажийна байташ яра. Рашидов Шаида дийцара, ша бер долуш хезира шена дуьххьара Дадин пондаран аз, шен доьзалца цхьаьна ша Сибарех эцна йоьдучу эшалонан вагона чохь, бохуш. Ткъа сан Iалашо яра цуьнан байт сайн дегах чекхъяккхина иза хааяла, ткъа иштта ладогIархочунна гIо дан кхуллучу иллин чулацамах кхета, цуьнан философина тIаьхьакхиа. Сайга далург-м дира ас, ткъа ас бинчу белхан мах хадор, кхеташ ма хиллара, ладогIархошна тIехь ду-кх.

Димаев Iумар дуьненчуваьлла 1908-чу шарахь ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь. 1924-чу шарахь шен 16 шо долуш волавелира иза Хьалха-Мартантанан кIоштан радиочухула мукъамаш кхочуш бан.

Нохч-гIалгIайн халкъан артист Димаев Iумар
Нохч-гIалгIайн халкъан артист Димаев Iумар

1929 шарахь Нохч-ГIалгIайн драмтеатре балха кхайкхира Димаев Iумар. Кхин а 5 шо даьлча республикан радиокомитетан халкъан пондарийн гIирсийн оркестран солист хилира цуьнах. 1939-чу шарахь Москвахь хиллачу къовсамехь шолгIа совгIат дира цунна пондар локхуш. 1946-чу шарахь,"спецпереселенец" санна ГIиргIизойчоьнан Пишпек станцехь веха Димаев Iумар пеш яго балха вагIара меттиигерчу "Сельхозмашиностроение" заводе.

Хамидов Iабдул-Хьамид
Хамидов Iабдул-Хьамид

1950-чу шераш дуьйлалуш вевзаш волчу нохчийн яздархочун-драматургана Хамидов Iабдул-Хьамидана тIедожадо Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхарийн а ансамбль кхоллар. Цигахь пондарча санна дакъалаца кхойкху 1954-чу шарахь Димаев Iумар.

- ДагадогIу суна, 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь дийнахь а, буса а радичухула а, телевизионехула а лоькхуш хилла "Понадаран аз" композици. Вуно лаккхара дикалла йолуш тоьллачу студехь дIаязйина а яра аьлла хета суна иза.

- Студин вариант гучуелира 1991-чу шарахь. Москвахь "Орион" студехь дIаязйира оха и композици. ЧIогIа доккха гIо дира тхуна вуно говза режиссер волчу Ремезов Сергейс. "Пондаран аз" йоцург кхин а масех илли яздира "Зама" тобано оцу хенахь. Уьш ерш а юкъаяхара тхан евзаш йолчу "Орамаш а, тIемаш а" эшарийн альбомана.

- Дуьххьара маца а, мичахь а кхочуш йира "Зама" тобано и композици?

- Дуьххьара и илли хазийтира оха 1989-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь, оцу хенахь гIалин Ленинан цIарах хиллачу коьртачу майданахь. Йоккха концерт а яра иза. Дуккха адам а гулделлера цигахь тхоьга ладогIа. Цкъа а йицлур йоцу премьера яра иза.

Димаев Iумаран веа кIантах кхоъ мукъамча, музыкан исбаьхьаллин говзанча хилира. Воккхаха волу кIант Димаев Сайд-Эми вара композитор, музыкан культуран говзанча.

ДимаевгIеран доьзал: йоI Димаева Iайнаъ (аьрру агIорхьара), Димаев Iумар, цунна хьалха лаьттарг - кIант Димаев Iела, хIусамнана Димаева Асет, цуьнан карахь верг - жимаха волу кIант Димаев Iамарбек, ирахь лаьттарг - воккхаха волу кIант Димаев Сайд-Эми
ДимаевгIеран доьзал: йоI Димаева Iайнаъ (аьрру агIорхьара), Димаев Iумар, цунна хьалха лаьттарг - кIант Димаев Iела, хIусамнана Димаева Асет, цуьнан карахь верг - жимаха волу кIант Димаев Iамарбек, ирахь лаьттарг - воккхаха волу кIант Димаев Сайд-Эми

Юккъера кIант– Димаев Iела ву композтор, нохчийн къоман эстрадан мукъаман исбаьхьалла кхоьллинчерах цхьаъ, "Вайнах" а, "Зама" а эстрадан ансабльш кхоллархо а, церан куьйгалхо а, ткъа жимаха волчу вашас – Димаев Iамарбека караэцна шен ден легенда а хилла дIахIоьттина пондар. Ростовра консерватори чекхъяьккхина, уггар хьалхара нохчийн профессионалан пианист а, пондарча а, дуьненаюкъарчу фестивалийн Лауреат а ву Iамарбек. Иза иштта вуу симфонин оркестран солист, шен дена лууш иза хилла ма хиллара. (ДимаевгIеран доьзалан архивера, "Вайн Орфей", Димаев Сайд-Эмин дагалецамаш)

Шен дех бисна пондар локхуш ву Димаев Iамарбек

- Вайн къоман историн динначу цхьана декъана хIоттийна хIоллам бу, олуш хезна суна наха "Пондаран аз". Хьуна хIун аьлла хета оцу хьокъехь?

- Тхан мукъамаш, оха деш дерг даима а дукха дезаш хилла дикачу дегнашна. Цундела со ирсе хета суна. Суна хетарехь, деллачу хаттарехь ду жоп а. Ма дарра аьлча, и илли вайн нах сий долуш а, доьналла долуш инзаре халонах чекхбовларх лаьцна ду.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG