ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:12 0:00
Линкана тIе

Гуьржийчохь лахьан баттахь вийна хилла Чатаев Ахьмад иттех шарахь Австрехь вехаш вара шен доьзалца. Шемахь тIом болабелча цига дIавахана волу иза ДАIИШтобанца саццалца, Австрера Туркойчу а, Гуьржеха а дIасалелаш вара. Амма верзар даима а Алпийн махкахь дара цигахь политикан тховкIело йолуш хиллачу Чатаевн.

Масех кIира хьалха Тбилисехь леринчу операцехь Чатаев а, цуьнан накъостий а байъинчул тIаьхьа уьш чохь хилла петар а Австрехь ехачу Джабраилова Тинин долахь хилар гучуделира. ТIаккха хеттарш кхолладеллера ша а журналист йолчу Джабраиловига, цуьнан хIусаме доллучу дуьнентIехь террорхо санна лехамашка виллина волу Чатаев муха кхаьчна бохучух лаьцна. Шена Чатаев телевизионехь бен цкъа а бIаьрг гина а ца хилар Джабраиловас жимма хьалхехьо Маршо Радионе дийцира.

Кху деношкахь цу хьокъехь жоьпаш дала дийзира цуьнан Австрерчу Iедалхойн хеттаршна а. Джабраиловас дийцарехь, Гуьржехара цуьнга хеттамаш бахьара аьлла дехар кхаьчначу меттигерчу полисхоша тIекхайкхинера иза: "ТIекхайкхинера со кхузахь. И нах сан петаре муха кхаьчна а, и стаг суна вевзаш варий а дара соьга хоьттуш. Суна вевзаш а вац, телевизионехь бен гина вац, элира ас. Цхьа хIума хаьа суна – цунах нахана вуно доккха зулам даьллийла. Со сайн петар еса ю бохуш Iаш яра. Кхин дIа долчух аьлча, со евзачарна дика хаа сан ишттачу нахе муха хьежамаш бу".

Гуьржехарчу Iедалхоша вуно кIеззиг информаци йовзуьйту юкъараллина, шаьш лахьан баттахь дIаяхьанчу леринчу операцех лаьцна. Джабраиловас дийцарехь, иза доьзна ду таллам чекхбаллалца цара цу операцех дерг къайленехь латтон сацам барца.

Бехкталламан гIуллакх схьадиллина Iедало террорхой чохь хиллачу петаран догIанаш цаьрга делла ларалучу нохчийн къомах жимчу стагна дуьхьал а: "Цу кIанта Iедале бохуш дерг – ша петар чу битинарш туристаш бара, ткъа и цу чохь хилларш цига муха кхаьчна шена хууш дац бохург ду.

Цунна 17 шарера велла дIаваллалца набахтехь яккха хан тоха йиш йолуш ду боху гуьржийн низамашца. ПIаьнгаза чIожехь мел болчу нахана а, Гуьржехарчу юкъараллина а хаа луург ду, дуьне мел ду лохуш хилла болу и нах Гуьржийчумуха кхаьчна бохург. Амма цу хаттарна цкъачунна луш цхьа а жоп дац».

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG