ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина доьзале чIир хьейина Нохчийчохь. Стенгахь ю Кадыровс вовшахтоьхна маслаIатан комисси?


Скриншот (Инстаграм)
Скриншот (Инстаграм)

Ницкъаллин структурашкахь болх бинчу Шуьтарчу Арсанукаев Ахьмадан гергарчара чIир кхайкхийна шина доьзална: ХалитовгIарна а, НаурбаевгIарна а.

Туркойчохь веха оппозицин блогер Халитов Хьасан Наурбаев Рустамца цхьаьна Истанбулерчу шен доьзална тIелеттера, "зуда а, шо кхаьчна йоI а юьйр ю" бохуш, чIагIдо экс-полисхочо. Нохчийн Iедалхой камерана хьалха луьйш, сийсазде бохуш хиллера цуьнга.

Яржийначу видео тIехь божарийн тоба, шайлахь Арсанукаев а волуш, Халитовн а, Наурбаевн а гергарчийн керта а оьхуш, шогачу кепехь дIахьедо, шаьш царна чIир кхайкхош хиларх.

Iедалшкахьа йолчу инстаграмерчу аккаунташкахь и тобанаш цаьрга оьхуш, кеп-кепара яьхна, дика монтаж йина видеош зорбане яьхна.

"ХIара гIуллакх шуна дуьтур дац! Цунах жоп доьхуш арабевлла тхан нах. Шайга дIа ца хьедина ма бахалаш. Шун кIант вуьйр ву! Тхо царна тIе ца кхиахь а, со воцуш кхечо и шайтIа хIаллакдахь а, жоп шуьгара доьхур ду", - НаурбаевгIеран цIийнах болчу къаношна тIе мохь хьоькху Арсанукаевс.

Халитовн къеначу дега вистхуьлучу экс-полисхочо "къотIалгIа вина ву хьан кIант" олу.

АрсанукаевгIеран цIийнах болчу наха масийттазза хьахадо, "Хьасанан кхо йоI хиларх" шайна а хууш ду олий.

"Иза-м карор ву. Хууш ду, иза цигахь [Истамбул] вуйла. Цо динарг оха дуьтур дац цунна. Доллу дуьненна цо лелориг хууш хилча, интернетехь гуш хилча, шуна хIунда ца хаьа? Иза карон аьтто ма бу шун цига дIа ма даххара. Тхуна хаьа, цуьнан бераш дуйла а. Тхайна оьшург тхуна а хиина", - аьлла вистхуьлу блогеран Халитовн дега гулбеллачех цхьахверг.

Цхьана кепехь хIотийначу сценарица ду шина а видео тIехь гуш дерг: ХалитовгIеран а, НаурбаевгIеран а хьлахара нах бу хьалхе дуьйна шайн-шайн рагIуш кIел гулбина, АрсанукаевгIар ларбеш.

Видеокхайкхамехь Арсанукаевс чIагIдо, байначу беттан 20-чохь тIелатар дира шена Истамбулехь, ткъа шолгIачу дийнахь хьаьвзаш долчу некъашца Нохчийчу юхаван аьтто белира шен бохуш. Ткъа чIир кхайкхон сацам хила цуьнан хIинца - ши кIира даьллачул тIаьхьа.

Security Turkey телеграм-каналан администраторшна хетарехь, дукха хан йоццуш Туркойчохь кхечу кадыровхочунна йеттарна дуьхьал нохчийн Iедалхоша делла жоп ду иза.

Де хьалха Халитовс дIахьедира, шен да а, ваша а лачкъийна вигарх: 75 шо долу ГIани а, 46 шо долу Рамзан а суьйранна шайн цIера лаьцна, дIавигинера. Цул совнах, лаьцна Нохчийчу юхавигина Москвахь вехаш хилла Халитовца шала вина ваша Хьусайн а. Кавказ.Реалиига цунах лаьцна дийцинера ша блогеро Халитов Хьасана.

Туркойчохь вехачу оппозицин блогеро Халитов Хьасана дIахьедора Нохчийчуьра шена кхерамаш тийсарх а, шена дIавш дала гIортарх а. Цул хьалха бизнес лелош вара Халитов Гуьржийчохь, ткъа стохка, йоьдучу эфирехь Путин Владимир сийсазвинчу журналистана Габуния Гергийна кIелоярца гIаттийначу гIуллакхехь теш вара иза.

Маршо Радионо яздира, муьлш бу цахуучу наха йиттина Истанбулехь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь еххачу заманчохь болх бина волчу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана. Хетарехь цуьнан цIе ю Iабдурахьман. Security Turkey телеграм-канало бинера цунах лаьцна хаам.

Де хьалха зорбане яьккхинчу видео тIехь гуш дара, 40 шо хир долчу цхьана стагана масийттамо йетташ. Титрашкахь яздора, даймахка берза луучу Туркойчуьрчу нохчашца иза уьйрашкахь волу масех шо а дара, церан проблемаш ша луьстур ю аьлла, тIелаьцнера цо бохуш. И нах Нохчийчу дIабахча дIалецна хиллера.

Ролика тIехь хозуьйтуш ду телефонехула дина къамел, дийцарехь, йиттинчо боху, Кадыровн Iедалехь 17 шарахь белхаш бина ву ша.

Блоган авторша яздарца, ницкъбарна а, муьлхачу кепехь харцо лелорна а дуьхьал ду шаьш, амма "телеграм-канале хIоттийна видео нахана ма-дарра хьал довзийтархьама яржийна аьлла".

"Муьлш бу цахуучу наха бекхам бина вайн балехь даллочу къомах", - яздина блог лелочара.

Кавказ.Реалиин корреспондентца хиллачу къамелехь блогерша аьллера, "нохчийн деза де дара и, дукхахберш баккхийбуьйш бара, хIунда аьлча, кадыровхойх сингаттам баллаза нохчийн доьзал бисина бан а бац ала мегар ду" бохуш.

Хьалхо хаамашкахь яздора, шаьш а, шайн махкахой а кхерамаш туьйсучу кадыровцех а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахойх а Iалашбархьама Нохчийчуьра масех вахархо вовшахкхетта бохуш. Нохчийчуьра Туркойчу оьхучу полисхойх а, уьш бахкаран Iалашонех а, хьенан лар лаца уьш хьийза хаа Iалашонца Security Turkey аьлла, цIе тиллина телеграм-канал кхоьллинера диаспоран векалша.

2010-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIираш йитийтаран Iалашонца, леррина комисси а кхоьллина, болх байтинера нохчашна юкъахь. 2011-гIа шо чекхдолуш цо дIахьедар дира, чIираш кхайкхорца йоьзна проблема дIаяьккхина ша аьлла. Iедалша чIагIдарехь, цу комиссин декъашхойн аьтто белира шерашкахь схьадохьуш хилла 451 дов дIадерзо. Ткъа меттигерчу бахархоша дийцарехь, бертаза нах маслаIате бохуьйту цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG