ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна тIелатарш дарна валлалц хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна


Къилбан гонан тIеман кхелан гIишло
Къилбан гонан тIеман кхелан гIишло

Ростовхь туп тоьхна йолчу Къилбан гонан тIеман кхело велла дIаваллалц луьрчу хьелашкахь колонехь якхха хан кхайкхийна 33 шо долчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Добриев Абона. Иза бехке лаьрра зуламан юкъараллан декъашхо хиларна а, стаг верна а, низамаш лардон органийн белхахой байъа гIортарна а, бакъо йоцуш хIоъа-молха латторна а, низам дохош герз дарна а, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Талламан версица, 2010-чу шарахь Добриев дIакхетта хилла Умаров Доккас куьйгалла дечу тобанах. Шина шарахь ша цо вийна Орцаллин министраллан белхахо, тIелатарш дина ГИБДД-н а, ОМОН-ан а, ГIадгIайчуьрчу "Э" центран а белхахошна а, ткъа иштта 5 вен а вуьйш, 4 лаза а веш, Оьрсийчоьнан МВД-н чоьхьарчу эскаран белхахошна а.

Добриев лаьцнера ГIалгIайчохь 2019-чу шарахь Зазадоккху-баттахь, Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал хилла митинг дIайирзинчул тIаьхьа. Иза талламан изоляторна чувоьллинера, митинг вовшахтоьхна аьлла. Амма тоъал тоьшаллаш ца карийна араволуьйтуш иза лецира кхечу бехктакхаман гIуллакхехула.

Къилбан гонан тIеман кхелан зорбан сервисо Кавказ.Реаллига бинчу хаамца, Добриевс бехк шена тIе ца лаьцна. Цуьнан адвокатех цхьамма, гIо лоцу агIо дагахь ю боху кхелан сацамна латкъам бан.

Добриевн хиллачу адвоката Тепсаев Шерипа чIагIдора дерриг оцу стагана дохку бехкаш цхьана стага - Орцханов Тимура - динчу тоьшаллашна тIехь дохкуш ду бохуш. Орцханов лоруш ву Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша "Имарат Кавказан" цхьана тобанан хилла командир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG