ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхой Дагестанерчу шелтере бахар толлуш ду


Мангал-баттахь Дагестанерчу кризисан центрна чулилхина, зударех тийсабеллачу полисхошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдан реза боцуш бина сацам юхабаьккхина талламо. Карарчу хенахь оцу инцидентна тIехула кхин тIе дIахьош талламаш бу.

Бакъоларъярхочо, Санкт-Петербургерчу депутато Вишневский Бориса дийцарехь, Дагестанерчу прокуратурано дуьхьал жоп луш бина цуьнга и хаам.

Кху шеран Мангал-баттахь шелтерера лачкъийна Тарамова Хьалимат бертаза Нохчийчу дIайигина хиларх дIахьединера цо хьалхо прокуратуре. Бакъоларъярхочо Анохина Светланас бахарехь, полисхошлахь хилла цхьаъ болх беш ву ХIинжа-ГIалин Ленинскан кIоштарчу полицин декъан куьйгаллехь.

  • Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза.
  • Тарамова ядош гIодинера меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтиар меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минтеохь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG