ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Польшин дозанех чекхбовла гIоьртина Нохчийчуьра бахархой


Беларусин дозана тIера де хьалха къайлах Польше кхача гIиртинчу мухIажаршлахь Нохчийчуьра бахархой а хилла. Цунах лаьцна дийцина Польшин Дозанан хадархойн урхаллан официалан векало Михальская Аннас.

"Доккхачу декъанна цаьрца Иракъан бахархой бара, иштта Оьрсийчуьра нохчийн къомах берш а. И нах лаьцна, дозане балийра. Польшин территори тIера арабохуш сацамаш тIеийцира", - дуьйцу Михальскаяс аьлларг "Польское радио" пачхьалкхан радиокомпанино.

Шо карадеачхьана Польшин Дозанан хадархойн урхалло билгалдаккхарца, 40 эзар гергга гIоьртина бакъо йоцуш дозанехула дехьавала.

"Гуттар а санна, дерриг а деш ду, контроль латтош, Беларусин гIуллакхдархойн сценарийца, - билгалдоккху Михальская Аннас.

  • Польшин Катовице гIаларчу Къоман прокуратуран коррупцица а, цхьаьнакхеттачу зуламхойн тобанашца а къийсам латточу Силезин декъо бехке вира бакъо йоцуш шайн махкахь вехаш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг, къайлаха миграци вовшахтохарна.
  • Официалан хамца догIуш ма хиллара, цаьршимма Украинин махкахочуьнца цхьаьна доза хадор кечдина хилла Гергарчу Малхбалера схьабевллачу нахана, царна Польшехула Германе транзит а еш, хаам бора Катовице гIаларчу порокуратуран зорбан сервсисо.
  • Стохка Литван дозанхоша Шальчининкскан кIоштахь дозанна гергахь хьуьнхахь лецира 19 нохчо. Пхи стаг а, 4 зуда а, бераш а Литва кхаьчнера Беларусин территорина тIера.
  • Дуккха а нохчий Европе дIагIоьртира Нохчийчохь шолгIа тIеман компани йолаелча – 1999-чу шеран Iай дуьйна. ТIечIагIбина боцчу хаамашца, Евробартан пачхьалкхашкахь йолчу нохчийн диаспоран терахь хила мега 200 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG